хьала а ца гӏоттуш, цхьа а тайпа официале кепаш йукъа а ца йалош, хьехархошна дӏадийцира оцу дийнахь берашна йуккъехь хилла дов.
– Шуна ма-гарра, сан ӏалашо йац, и гӏуллакх дийцаре а диллина, къамелаш дойтуш, заседани йахйан, – элира цо. – Вай советски хьехархой ду. Ас шуна хьеха оьшуш йац къаьмнийн хьокъехь йолу ленински политика. Йуьртахь хьалха а хезна суна, шуна хезна хила а тарло, лахара кхетам болчу цхьацца наха нохчийн халкъах лаьцна даржийна цхьа а тайпа бух боцу эладитанаш. Вайна цхьанне а хууш дац и халкъ махкахдаккхаран бахьана. Гитлеровски мехкашдӏалецархойх вайн Даймохк маьршабоккхучу тӏамехь дакъалоцуш ду вайн махкара дерриге халкъаш. Доккхачу халкъо, ша доккха хиларе терра, доккха дакъалоцу, жимачу халкъо, шен жималле хьаьжжина жима дакъалоцу. Амма массара а ӏенориг цхьа цӏий ду. Нохчийн халкъан дуккха а кӏентий бу тахана а фронтехь майра леташ. Хьанна хаьа, оцу жимачу халкъана йукъахь цхьа йовссарш йевлла а хила тарло, советски ӏедал ца дезаш, Даймахкана дуьхьал йамарт куьг айбина. Ишттаниш массо халкъа йукъахь а хилла, болуш а бу. Амма нийса хир дац, и йовссарш бахьанехь, вай дерриге а халкъ бехкедича. И бераш, зударий, къена нах хӏуманна а бехке бац. Вон, зуламе адамаш массо къомана йукъахь а ду; амма вон, зуламе халкъ дуьненахь хилла а дац, хила йиш а йац. Халкъ – халкъ ду. Хила а хилла, хир а ду. Аш дика ойла йича, шуна хуур ду, нохчашна хилла бохам вайна массарначул а тlex беза а, хала а хилар. Цундела церан догъэца деза вай, церан деган чевнах хьакхадаларх лардала деза. Со парторг а, вайн коллективан куьйгалхо а хиларе терра, ас декхарийла до шу, деха а доьху шуьга, оцу эладитанех дешархой ларбар а, бахархошна йуккъехь и тайпа хабарш дуьйцуш стаг нислахь, иза, кхетош, нисвар а.
Хьехархой дӏа а бахийтина, ша висина Николай Кузьмич, багара ца ходуьйтуш цигаьрка а уьйзуш, вехха ӏийра оцу гӏуллакхан ойла йеш. Цо тоам ца бора ша накъосташка диначу къамелах. Приказ – приказ ду, амма коьртаниг цара шаьш лелориг кхеташ а, тешаш а лело дезар дара.
Школехь кхин долу гӏуллакхаш дерриге ӏадда а дитина, шолгӏачу дийнахь районе ваханчу Николай Кузьмича и де дерриге а, партбиблиотекехь а,