Ахь дӏа ладоьгӏча, цхьа а доьзал бац кхузахь тӏамо да, кӏант, ваша вайъаза. Цхьа а доьзал бац кхузахь кийра буззалц сискал гуш. Цара садетта. Хӏетте а, оццул холчохь шаьш бохккушехь, цара шайн ницкъ кхочу гӏо до вайна. Царна къола дан гӏертар дика ма дац. Иэхь ма ду иза. Далла а, ӏедална а хьалха гӏиллакх доцург ма ду ахь дагалаьцнарг. Сатоха деза, собаре хила веза, Муса.
Мусас сатуьйхира. Цул тӏаьхьа дукха хан йалале цунна хезира, хьун хьакха лесхозе нах бохуьйту бохуш. Баттахь болх бан цига воьдучунна ши пунт хьаьжкӏаш, кийла моз а, кийла даьтта а лора. Цига ваха сацамхилира Мусан. Бакъду, колхозан председатель Сапар дикка йухагӏиртира, иза цига ца вахийта гӏерташ. Жима ву, бохура. Амма мичахь бара цунна цига бахийта баккхийниш? Бан а бацара-кх. Зударшка далург Мусага а далур ма ду. Муса къар ца лой хиъча, эххар а резахилира Сапар. Шена йелла продукт йерриге цӏахь а йитина, накъосташна тӏаьхьа а хӏоьттина, лесхозе вахара Муса. Цхьадика, цуьнца цига баьхкинчу оьрсийн зударшкахь а, гӏиргӏазойн баккхийчу нахехь а жимма хӏума йара. Иза цӏахь доьхна хьал дитина веанийла хуучу цара, шайгахь йолчух кӏез-мезиг луш, меца ца витира иза.
Хьун хьакха вахана бутт кхочуш, стомара лулахоша цуьнга хабар кхачийра, да-нана чӏогӏа цомгаш больницехь ӏуьллу, чехкка цӏа кхача аьлла.