Хӏетте а, уьш схьаэца, царна тӏе куьг ца кховдадора Хелипата. Церан дуьхьа ма йахана ткъа Зану гена лаьмнашка, церан дуьхьа ма кегийна цо хӏара шийла хатт.
– Дӏаэца, хӏумма а дац, – каратаӏийра Занус цунна уьш.
Дегочу куьйгашца схьа а эцна, уьш вукхарна тӏе тужуркин кисана тийсира Хелипата.
– Оцу вайн везачу Дала хьан майрачун коьрта тӏера, цуьнан сина кхачо, хьо хьайн дех-ненах, йиша-вешех дӏатоха, вай вешан даймахка цӏа дерзо, вайн везачу Дала, Пайхамарша, эвлайааша къобалдина сагӏа хуьлийтийла хьан хӏорш! – бӏаьргех корталий тӏам хьоькхуш, халла йистхилира и. – Дала дукха йахайойла хьо! Дала ирсе йолда хьо! Кху дуьненан даьхни дерриге а ахь сайна делча санна, хазахийти-кх суна…
– Хьанала хуьлда хьуна а! Иза-м доккха хӏума дацара. Хӏара рицкъа вайна деллачу Далла бу хастам. Иштта къинхетаме вайша тӏеэцначу оцу оьрсашна а хуьлда Дела реза! Цаьршимма хӏара дийр дуйла хиънехь, оцу керта гӏур йацара со. Иэхь хетийти цара.
– Хьо-м дуьххьара йеанера, Зану. Со хӏинца кхозлагӏа йахана цаьрга. Кхуззе а, сан мохь дӏа а ца оьцуш, кара хӏума а йелла, цӏа хьажийра. Иэхь хета, дера-кх. Цкъа а, шозза а ишттанехьа хӏума йелча, кхозлагӏа мукъане а дечиг дӏаоьцур дац-те бохуш, йахара. Ас-м ишттанехьа а лур дара, ца оьшу хир ду-кх царна.
– Иэша-м, дера, эшара царна. Цуьнан зуда ша а хуьлу хьардаш лехьош. Дуьххьалдӏа вайх къахеташ лела уьш а. Кхечунна дохкийта дуьту.
Гена боццуш лома хьалаболучу урамехула схьагучувелира дуткъийчу серагийн цӏов ги а тесна вогӏу лекхачу дегӏера вуткъа воккха стаг.
– Вий, йелла йала со дела!! – мохь белира Хелипатан, иза гича. – Боккха болх бу-кх хьо гай! Ахь дицдо-кх доллу хӏума а.
–Хӏун хилла? – Хелипатах ца кхеташ, дӏасахьаьжира Зану.
– Хӏун хилла бохург хӏун ду! Велла ӏуьллу Аюб вицвеллера-кх суна. Цхьа Дала ма-лоьхху ӏабдул-ӏаьзам а ву вогӏуш.
Ши зуда воккха стаг тӏекхаччалц сецира.
Тӏедоьлхучу дерзо тӏадийначу кетаран тӏемгаш хьала а карчийна, уьш йукъах дихкинчу гатанах а доьхкина, шен когара маьхьсешна тӏехула йуьйхина йоций теш йолу калош ларйан гӏерташ, хатт кӏезиг болу меттиг лоьхуш, керта йистошца, лаьтта бӏаьра а вогӏавелла, вогӏура ӏабдул ӏаьзам.