Цунна-м хаа ма дезара Сарыбайн ӏахар цо хазахета ца лачкъийнийла…
– Ахь шен уьстагӏий лачкъийна, боху Сарыбайс. Бакъдуй иза? – хезира цунна.
Хӏун ала-те цо? Хӏан-хӏа, къарвала ца веза! Сарыбай тӏаьхьа а хӏоттийна, Решед ӏораваккха ма веана ӏабдул-ӏаьзам. Иза иштта веана хилча, цунах цуьрриг а эхь дац аьшпаш боттарх.
Решед, хьала а таьӏна, майрра ӏабдул-ӏаьзаме хьаьжира, амма цуьнан гӏайгӏанечу йуьхьа тӏера кӏайн маж, сийна ши бӏаьрг гича, корта йуха а охьабахара. Царна чохь Решедна гира къинхетам, доглазар, бехкбаккхар а. Иза вацара ткъа, йала йоллучу церан нанна уллохь буьйса йаьккхинарг, тӏаьххьара а цуьнан бӏаьргаш дӏакъевлинарг, чӏениг хьала а оьзна, йовлакх дихкинарг, шолгӏачу дийнахь иза дӏайоьллинарг? И ши бӏаьрг, цуьнан сийна пхенаш тӏе а хевшина лаьтта декъана куьйгаш, дагна там беш долу цуьнан кӏеда аз дацара ткъа церан нана лечу буса байлахь дуьсуш долу йалх бер хьаьстинарш, цаьрга диканах дог ца диллийтинарш? Иза вац ткъа, хӏетахь дуьйна, денна бохург санна, церан уьйтӏа а хӏуьттуш, цаьргара хьал-де хоттург, церан дола дан гӏертарг? Хӏан-хӏа, Решеда цуьнга харцдерг дуьйцур дац. Цуьнан бакъо йац и дийца…
– Суна-м хаьа, Решед, ахь иза хазахета ца лачкъийний. Амма, оцу гӏуллакхаша вайнехан вон цӏе йоккхуьйту. Йа нохчашна вониг олийла лаьа хьуна? Ас цхьа таро йийр ма йара шуна, ахь соьга аьллехь.
Решедан ши бӏаьрг хих буьзира, балда озийра. Берриге ницкъ тӏе а бахийтина, ца велха гӏоьртира иза, амма цуьнан ницкъ ца тоьура бӏаьргех тӏех туьйсу хиш а, логе гӏерта шад а сацо.
– Хӏун боху цо? – хаьттира хӏинццалц вист ца хуьлуш ӏийначу Сарыбайс.
– Цо ца лачкъийна хьан ӏахар, – элира ӏабдул-ӏаьзама, Сарыбайга бӏаьргашца ишарш йеш.
– Муха ца лачкъийна? Товханахь дотту жижиг стенан ду? – ӏабдул-ӏаьзама шега йина хичаш ца гиначу Сарыбайс, берашна тӏе а вахана, цхьаннан гӏевлангарчу гӏайби кӏел куьг а дахийтина, тӏеда кхакха схьабаьккхира.
– Хӏара хӏун йу? Хӏара ткъа?
Цхьацца гӏайба хьала а ойъуш царна кӏелхьара схьабаьккхина кхо кхакха ӏабдул-ӏаьзамна хьалха тесира цо. Берийн маьхьарий девлира.
– Хӏорш хӏун йу? Сан устагӏийн кхекхий дац хӏорш? – бохура Сарыбайс. – Йа хьан хьайн жа дара? Ас, таӏӏийна акт хӏоттийна, кху Делан сохьта коменданте дӏавуьгуьйтур ву хьо!