Къаьсттина Берсина а, Лоьмина а дезалора и гӏуллакх. Оцу тӏулган лаьмнаша цаьршинна карладохура генахь дисина даймехкан лаьмнаш. Амма, цаьрца дуьстича, хӏорш цхьа дерзина, десте санна, хийра, шийла хетара.
Догӏано тӏадийна бедарш йакъо гӏерташ, цӏерехьа цкъа букъ тухуш, тӏаккха агӏо лоцуш, хевшина ӏаччохь дӏасахьийзара уьш. Хабар дийца дог ца догӏура цхьаннен а. Шелонна а дацара иза. Мецачу чоьнн тӏе биъначу кӏочу хохаша дог керчадора. Уьш бераш делахь а, хӏораннен а дагна тӏехь шайнначул бала а бара церан. Мере оьзначу голашна тӏе корта а биллина, ши бӏаьрг цӏерга а боьгӏна, ӏара Юра. Аьрхачу Лоьмас шеквоцуш тӏера схьайаьккхина шен эттӏа тужурка цӏерга хьийзайора. Халла хезаш ша-шена илли бохура Адашбайс. Ткъа Берса, шен йоьхна неӏармачаш дӏа а йаьхна, тӏергӏан пазаташ йакъо гӏерташ воллура.
– Стенна оллавелла хьо, Юрка, гӏийла бо санна, горгвелла охьахиъна?
Юрас доккха садаьккхира.
– Советски эскаран дезде ма ду тахана. Ткъа тхан дай, вежарий генахь леташ бу. Хьанна хаьа, сан да кху минотехь мича хьолехь ву, йа дийна ву, вац а…
– Цунна гӏайгӏане воьжнера хьо? Хӏумма а доцург! Тӏамехь чов хуьлу, вен а вуьй. ӏожалла цкъа бен хуьлуш йац. Дала ша адамаш кхуллуш хӏоранна а тоьхна хан йу дуьненахь ваха. Шен оьмар чекхйаьлча, цхьа а минотехь а вехар вац. Тӏамехь верг леш, цӏахь верг ца леш ма дац. Цигахь ӏожалла йоьгӏнарг лийр ву, цайоьгӏнарг могаш-дийна цӏа вогӏур ву. Ойланаш йан ца оьшу.
Юра, кхин вист ца хуьлуш, хьалха санна, дӏатийра. Цкъа Лоьмина а моттаделира ша цуьнан дагна маслаӏат дина.
– Кху дийнах лаьцна кхин хӏумма а дагадогӏий шуна? – хаьттира Берсас, шен болх йукъах а баьккхина, цӏеххьана.
Юра а, Адашбай а хаттар луш, Берсе а хьаьжна висира.
– Хӏаь, тахана-м вай махках даьхна нийсса шо кхочий, – бухара балда цергашна йуккъе а лоцуш, масазза а корта таӏийра Лоьмас.
Хьехахь йуха а тийналла хӏоьттира. Йукъ-кара лайн чимаш а ийна, арахь тӏедетта шийла догӏа. Вовшийн даа санна, мацалла хьерча йоьхьаш. Цӏахь доцу дика хьал. Юрин сагатделира. Лаьара, хӏуъу дина а, хан йацйан.
– Кӏентий, дийцийша тхуна, шаьш схьа хӏунда далийна, – дехар деш, Лоьмина а, Берсина а тӏевирзира иза.