Цо ша а ойланца карладохура оцу ирчачу дийнан сурт. Хӏоьттина ши бӏаьрг цӏерга а боьгӏна ӏуьллучу цунна цхьа набарха санна хезара хьеха чохь гӏайгӏане доьлху Лоьмин къамел. Ца хаалора шийлачу тӏулгаша шелбина агӏо тхьус булуш а. Ца гора Юрин а, Адашбайн а бӏаьргех леша сирла хиш а.
Лоьмин хабар сецча, шен ойланех цӏеххьана самавелира иза. Хьалха санна, арахь тӏедеттара шийла догӏа. Даккхийчу тӏадамашца ладарш ӏено хьехан тхевнаца хьалха дӏакхевдина тӏулган йоккха экъа йоьлхуш санна хеталора. Хӏоьттинчу тийналлехь хезара Юрас уьйзу са а, Адашбайс ден къора къурдаш а…
Хӏетта йолайеллера шолгӏачу сменин занятеш. Хезара классашкахь урок хьоьхучу хьехархойн къамел, бераша лун жоьпаш а. Арахь ца соьцуш, шен кабинета чу а вахана, охьахиира Николай Кузьмич. Дешаран шеран кхоалгӏа четверть чекхйала герга йара. Хьехархойн урокашка эха а, царна балха тӏехь гӏо дан а дезара. Амма Николай Кузьмичан дог ца догӏура тахана хӏумма а дан. Баккъала аьлча, ши-кхо бутт бара иза кху школехь цхьа а хӏума кара ца догӏуш лела. Колхозехь парторг волу иза йуьртан а, колхозан а гӏуллакхаша ца вуьтура шен балха тӏеверза. Цо жоп ло оцу йуьртахь хуьлучу муьлххачу а гӏуллакхах. Иза дика кхетара шена тӏехь лаьттачу жоьпаллин декхарх. Тӏеман зама ма йу хӏара. Тӏом гена малхбузехь белахь а, хӏара а йу шатайпа фронт. Къинхьегаман фронт. Тылан балхах дозуш ду толаман гӏуллакх. Покровка-м лаьмнашна йукъа а йахана лаьтташ цхьа йурт бен йац. Амма къинхьегам, низам а хила деза массо йуьртахь, массо кӏотарахь, хӏор а бригадехь, фермехь, цхьа стаг ша бен воцчохь а. Дерриге – фронтана, дерриге – толамна иза йу партин а, халкъан а лозунг.