Цуьнан зов дӏатен а кхиале, зевне маьхьарий а детташ, школа чуьра арахьаьлхира бераш. Амма Зануна уьш цхьа а гуш а, хезаш а дацара. Цунна ца хаьара, школина уллохула ша тӏехйолуш, корах арахьаьжначу Николай Кузьмична ша гинийла а, тӏаккха, араваьлла иза, шена тӏаьхьахьоьжуш хӏоьттина лаьттинийла а, хӏинца иза, ӏасанна тӏе а тийжаш, оцу догӏанехула кешнашка хьалагӏерташ вуйла а…
«Маил, сан хьоме Маил, ас хӏун де-те? – бохура Занус шабаршца ша-шега. – Хӏунда ца йели Дала вайшинна цхьаьний ӏожалла? Гой хьуна со, цхьаъ бен воцчу хьан маьхчин йамартлоно ара а йаьккхина, тӏетовжа верас воцуш, кху доьхначу дийнахь хьо волчу йеана? Деле со йехахьа, Маил, дӏайигахьа со кху къизачу дуьненара.»
Цӏеххьана цуьнан даг чу иккхира воккха стаг ӏабдул-ӏаьзам. Цхьамма цуьнан цӏе йоккхуш, ша цунна тӏехьоьхуш санна хетаделира цунна. Меллаша хьала а нисйелла, куьйгех летта хьаьрса поппарш а ца гуш, уьш бистинчу бӏаьргех а хьаькхна, шен йуьхь мажйира цо. Воккха стаг дагавеача, цхьабоккха мохь шен гира охьабоьжча санна, сапаргӏатделира цуьнан. Ша а цецйуьйлура иза хӏинццалц шена ӏабдул-ӏаьзам дага ца варах. Иза ма ву дан амал доцуш кӏелвисинчун гӏо деш. Цуьнан гӏийлачу хӏусаме ма йоьду хӏинца Зану санна, массарех хаьдда йисина зуда, байлахь дисина бер. Зударийн гергарниш лоху, бераш, ӏедалца гӏайгӏа а бой, берийн цӏеношка дӏало. Зануна дуккха а ма хаьа цо дина дика гӏуллакхаш. Иза тешна йара шена и нийса некъ Маила гайтина хиларх.
Оцу ойланаша дӏалаьцна ӏачу зудчун белша тӏе цхьамма дайн куьг диллира.
– Ахь хӏун до, Зану, кху доьхначу дийнахь кешнашна йуккъе а хиъна? –кӏеда-мерза бехкашдаха вуьйлира иза. – Бистина ши бӏаьрг, хотташа йуьзна йуьхь, ткъазйевлла бедарш. Хӏан-хӏа, кхузахь цӏанлур йац хӏорш. Йало, дӏога татолна тӏе а гӏой, хьайн йуьхь-куьг дила.
Зану, дуьхьало ца йеш, йист ца хуьлуш, татол долчухьа дӏайолайелира.