Рагӏун тӏехьа велхха воллуш лаьттачу кӏантана ца гуш улло йеира кхуьнан ден нана.
— Бабийнарг, хьо хӏун деш лаьтта, кхузахь? Хьуна хӏун хилла? – хаьттира цо.
— Хӏумма а…, — сецира кӏант.
— Ой, и бохург хӏун ду? Хьо-м велхха воллуш ма ву, цхьаммо халахетар дина хьуна? – духейуьйлура баба.
Бага йиллина цергана тӏе пӏелг ӏуттуш, иза меттахъйаьккхира Шидас.
— Эшшай! И бахьанехь воьхна хьийзаш ву хьо, бабийнарг? – хьаьстира деннанас кӏант.
— Нанина дӏахаахь, цо лоьрана тӏе вуьгура ву со! Цунна ма хаийталахь, — дийхира кӏанта.
— Вигича хӏун ду? – ца кхийтира баба.
— Лоьрехь инзаре боккха морзагӏ бу… Кхин а, цо лозош маха а туху боху.
— Ой, и хьайниг санна церг йоккхуш цхьа а маха а ца оьшу! Хьан цергаш хийцалуш йай! И церг охьайоьжначохь цигахь хьуна кхинарг йера ма йу! Хьан хенахь массера а хийцалуш йай цергаш-м! – йелакъежира баба, къена йоллушехь цуьнан багахь-м шайолу цергаш дийна йара.
— Баба, хьан цергаш ийгарий, хьо жима йолуш? – хаьттира кӏанта.
— Дера ийгира!
— Хьо йигарий лоьрана тӏе?
— Оцу хенахь-м лоьраш кӏезага бара.
— Ткъа цергаш муха йохура дӏа?
— Хӏоккхузахь собардел сунна. Бабас хӏинцца гойтура ду хьуна, — баба рагӏуна кӏела йахара.
Жимма хан йаьлча, буйнахь стомма кӏайн тай а долуш, кӏантана улло йеира иза.
— Схьайтал! – олуш кӏентан цергах тай дихкира цо. Шозлагӏа тайн йуьхьиг кӏентан когара кӏарх а баьккхина йоцца цуьнан нанапӏелгах йихкира.
— Баба, хьо хӏун деш йу? – кӏант охьатаьӏна лаьттара, тай доцца тесина хиларна, шен церг ларайеш.
Амма бабас тӏехьаша тӏе а йеъна цӏаьххьана гилдгаш дехира кӏантана. Велавелла кӏант, шен церг а, шадерг а дицделла ирх кхоссавелира.
— Ай! – аьлла висира иза цӏаьххьана.
Хӏокхуьнан коган нанапелгах тесначу тайна буьххьехь шурула кӏайн хӏокхуьнан церг йара.
— Со жима йолуш иштта йоккху-кх церг! – хӏиллане йелакъежира баба.
Кӏанта шен хьалхара церг охьайоьжначу метте пӏелган буьхьиг ӏоьттира – цигахь жима ор дара.