Хьан кор а до́гур ду, цу буса санна,
Шелдина лайн чимаш хьийзочу мохо.
Букъ йуккъе тӀехьашха урс ту́хуш санна,
ХӀинца а хезаш берг цу коран мохь бу.
И цӀа а лаьттар ду, ца девзаш санна,
Биц ца беш шена чохь цкъа баьгна безам.
Исс неӀалт воьдучу соь кхайкхош санна,
ХӀинца а го су́на цу цӀийнан хьежар.
Латта а хьийзар ду, ца хууш санна,
Адамо адаман Ӏодика йиний.
Цхьаъ цхьаннах ца кхетча ницкъ ешча санна,
Седарчий оьгур ду, доьлхур ду илли