Дӏа-схьа хьажарх, хи схьае́ца хӏума а ца хилла, катоьхна сайн коьртан туьта схьа а йаьккхина, хи малийра аса говрашна. Суьйранна, шелйала йоьлча, сихха сайн ре́ма а лаьллина, стигала хьала, мархаш тӏе буьйса йаккха вахара со.
Кхано хьаьжча, сан коьртан туьта йан а йац-кх коьрта тӏехь.
Ой, хӏара хӏун ду? — аьлла, ведда йуха а вахана, дӏахьажча, сан коьртан туьтана чохь, шена бен а бина, чухиина ӏаш лекъ дара. Дӏа катоьхна и лекъ схьа а лаьцна, сайн коьртан туьта тӏе а тиллина, тӏехиира со лекъана. Вадийна ва́лийна, охьавиллира со лекъо, сайн ре́мина йуххе, мархаш тӏе. Тоьхна и лекъ ден а дийна, цӏе а латийна, ворхӏ бӏе овӏ а дина, со лекъан жижиг эвнаш тӏехь доттуш воллуш, вайн цхьа оврах, даьтта схьаэха доладелира. Цу даьттанан хьожа кхетта, беана хьо бара бухахь гуш, даьтта бага нисда гӏерташ, хьалакхиссалуш.
— Мичахь бара?! Мичахь бара со?! — аьлла, саьрмик хьалаиккхира, тохара шаьш бина барт а бицбелла.
— Вахь-вахь-вахь! — аьлла, велар а оьккхуьйтуш, — хьо ийши, хьо ийши! Ахьа вайша хьалххе бина барт бохий! Схьало сан вежарий! — э́лира кӏанта.
Маттана говза а хилла, шен да́с бо́хург ца дина, шен ши ваша а валош, цӏа веъна жимах волу ваша. Шен вежаршка бехк а баьккхина цо:
— Иштта хуьлу шуна, да́с бо́хург ца дича! — аьлла. Цул тӏаьхьа кхин ца бахана уьш оцу ширчу новкъа.
Барт а болуш, хаза на́хана дош а хеташ, диканиг бен ца деш, бехха бе́хира вежарий. Со а вахане́ра уьш болчу хьошалгӏа, цаьрца аса ниха а делира, тӏе жижиг-гала а кхаьллира.