Дуьхь-дуьхьалнисделира зингаттий, чуьрккий, кхерайаларнахӏумма а ца гуш йолу. Шена гӏо дан кхин а иччархойбелхьара-м, Чонгатасалур долуш дара чуьркаца. Амма, ша цхьаъ долуш чуьркана тӏеӏоттаделча, мелла а майра а, доккха а долу иччархо-зингат а ларалур дацара дегӏана ондачучуьркаца. Тӏехула тӏе, можа хьоза а дара чуьркхьулйеллачубецан гӏана йуххехулла хьийзаш. Шена хьалхарайедда хилла чуьркмичахь дӏалечкъина хаа луучух тера дара цунна а. Зингаттий, чуьрккий «тап!» аьлла, дӏатийнера хьоза тӏехула хьийзачу гӏашна йуккъехь. Амма хьоза, дукха ца хьелуш, кхечу, тӏемайевлла лелачучуьркашна тӏаьхьадедда дӏадахара. «чиркъ! Чиркъ!» бохуш, декаш. Кхерайеллачуьра хьалха меттайеара ира, бехмара болу чуьрк. Шен чекх са гун бехабиъ тӏам лестонйуьйлира иза, «зум-м-м!» аьлла. Шен йалххе а ког дӏа а гӏортийна, антеннаш санна долу, деха ши мекхметтах а дохуш, тасадалакечделираЧонга а. Амма чуьрк тӏекхета дагахь йоллучух тера дацара. Чонгамелла а майрделира. Ша толам боккхур бу аьлла, тешаш дацахь а, цӏаьххьана тӏехьара шина когатӏе а хӏоьттина, хьалхара ши ког ойбуш, чуьркана ӏхерам а тосуш, чухьаьдира майра Чонгачуьркана. Жимачузингато иза дийр ду аьлла тешаш йоцучуьрк, дукха цӏаьххьана и хилархкъаьхкира. Иза, шен «зум-м-м!» чӏагӏдеш, тӏема а йаьлла, лулахьолладеллачубецан цхьана гӏана бухахь хьулйелла, къайлайелира. «ӏайт-т-т!» - олуш, Чонгас, хазахетта, майра ког туьйхира ша лаьттачохь, ша бецан гӏа бухахь кхозуш хилар диц а делла. Иза тоьаш дара, Чонга тӏехь ӏаш долчу гӏан тӏехула чукхозабелла, тхих хилла боккха тӏадам нийссазингатна тӏехецабелира. Ша санна шийлачутхин тӏадамо, шеца хьарччийна, лаьттаохьададийра жима Чонга. Тӏадамца, цхьана гӏан тӏера, кхечугӏах а детталуш, лаьттаохьакхечиразингат. Хӏинца-м лаьттах кхета со аьлла, Чонгинахеттачу хенахь, гондхьа цӏаьххьана ӏаржйелира, Чонгалаьттах а ца кхеташ. Амма, ша мичадоьду а ца хууш, цхьана шуьйрачуӏуьрга чу дужуш-м дара жима зингат. Эххар а Чонга, «далап!» аьлла, цхьана кӏедачу хӏуманна тӏе охьакхийтира. Вайна ма хӏаъара, зингат чӏогӏа жима ма дуй. Цундела, вайна мел лекхачу меттерахетахь а, иза кхин чӏогӏа лаза ца до.