Сан Даймохк бац хьу́на абата тӀера,
Виначу йуьртара болалац и.
Сан Даймохк — мотт сецна бӀешерийн кхера,
Сан Даймохк — тарраш тӀехь лардина сий.
Ца оьшуш хӀумма а тарднна кхолла,
Ма цӀена бакъ а ду-кх за́манан аз,
Сан Даймохк — Ӏаьршашка кхевдина хӀоллам,
Сан Даймохк — аренца къух даьлла барз.