— Гирий хьуна? – хаьттира, шел даккхийнчу берашна тӏаьхьакхиа гӏерташ йедда йеъна хӏинца хьехаш садоьӏуш лаьттачу Ибрахӏиман жимчу йишас ӏайшата а.
— Гира суна-м, — шена хууш дерг берашна ца хаарна мела а шех дозал деш жоп делира Сайдӏалис, шен болар ца сацош.
— Сайдӏали, стенга йахара салаз? Ахьа схьаалахь, аса ӏаж лур бу хьуна, — шен четарчу богнаш хилла коч совсийна дохкучу ӏешашна тӏе куьг туьйхира Ибрахӏимас.
— Масс ӏаж ло ахьа? – хӏиллане велира Сайдӏали.
— Цхьаъ…
— Шиъ, — шена луург хаийтира хӏилланчо.
— Мегар ду. Алий валахь сиха. И салаз генайалахь, вай цунна тӏаьхьа кхуьур дац, — элира Ибрахӏимас.
— Муха тӏаьхьа… Шу цунна тӏаьхьа даха гӏерташ ду ткъа? Со а воуьйтур вуй аша шайца? – дийхира Сайдӏалис.
— Дика-м хаьа хьуна! Хьуна шиъ ӏаж а белча, тӏехула тӏе хьо тхайца а ваийтича! – реза вацара Ибрахӏим.
— Дика ду, делахь, хьайн ӏежаш хьайна дита, со шайца аша ваийтачхьана, — шен лаам бовзийтира Сайдӏалис.
— Валахь дийций, стенга йахара и салаз?
— Ой, и стенга йахана-м соьга ца хаьттича а гуш ма ду. И салазан лара ца го шуна? Дуьло суна тӏаьхьахӏитта! – олуш дӏатасавелира Сайдӏали.