Зазашлахь кечйелла,
Бӏаьстено говза,
Шуьйра тӀам баржийна,
Ког шершабо.
Ӏа́ламо той дина,
Хӏоттийна ловзар,
Ца кӏордош, дезалой,
Сакъе́рало.
Беттаса, Ӏаьржа тӀам
Шовданчу туьйсуш,
ГӀоргӀачу шабаршка
ЛадоьгӀуш Ӏа.
ГӀо лаьцна, денделла,
ГӀа-маргӀал луьйсуш,
Мерзачу хӀавао
Кхерстайо Ӏаь.
Хьун-то́гӏи Ӏа́дийна,
Олхазарш дека,
Зевнечу э́шарех
Дог Ӏа́бадеш.
Ге́нара гуш болчу
Ла́манан некхах
ЙУрт тийжа, серлонаш
Меттаххьейеш.
Ӏа́ламан майданахь
Бӏаьстено говза,
Го туьйсуш, хелхаран
Ког шершабо.
Ӏа́ламо той дина
Хӏоттийна ловзар
Дезалой, ойланийн
Сакъе́рало…