— Вай хӏинца довда деза, ца довдахь, гӏуллакх хир дац, цо дерриге дойъур ду вай, цхьацца хӏилланашца, — бо́хуш.
Дика барт а бина, кечам бан боьлла хӏорш, зудчо шайна некъана даа хӏума кечдина, майрачо чу хӏумнаш а йухкуш, тӏорказ кечдина.
Куьйса стаг а́ра а валийтина, хӏара кӏант хӏумнашна буха, тӏорказ чу дӏалечкъина. Майра а, зуда а, шайн тӏорказ вирна тӏе а диллина, дӏабуьйлабелла. Дӏаоьхуш, садайна. Тӏаккха цхьана берда йистехь, гӏел а, мац а белла, буьйса йаккха севцна хӏорш. Шайна йуург схьаэца, аьлла, тӏорказан негӏар хьалаайина кхара.
— Дукха ге́на доьвллий-те́ вай? — аьлла, чуьра схьаваьлла хӏара кӏант.
— Ой, хьо та́машийна ӏала́мат! — аьлла, цецбоьвлла, вовшашка хьоьвсина хӏорш.
Тӏаккха, кхин дан хӏума а ца хилла, цхьана охьахоьвшина шайна хӏума а йиъна, берда йисте, и кӏант а тӏехь, дӏабийшина.
Кӏантана наб кхетта хир йу, аьлла, хеттачу хе́нахь, майрачо зудчуьнга аьлла:
— Ас кхано, хӏокхуьнан наб чӏагӏйеллачу хе́нахь, хӏокху берда йистера дӏа а ваьлла, хӏара ша́ вуьтур ву хьу́на берда йистехь. Аса хьайна мӏара къовзийна муьшка йича, мийраш тохий, чукхоссалахь иза.
Ца́ра дуьйцург хезначу кӏанта, кхарна наб а кхетийтина, ша́ берда йистера вукху агӏор а ваьлла, мӏара къовзийна муьшка йина зудчунна. Зудчо мийраш тоьхна бердах чувахийтина шен майра — куьйса стаг.
Куьйса стаг а къарвина, шена йо́гӏу къинхьегаман йал а эцна, цӏа вахана мискачу стеган кӏант.