Сан бӏаьргашна хьалха хӏоьттира хьаьжъйуккъе шад бина, ша санна шийла сийна бӏаьргаш, оьгӏазен лепа йуьхь. Шело хьаьдира сан дегӏе оцу минотехь.
Цхьа-ши де делира со Малижин цӏадолчу агӏора ца воьдуш. Ишколехь-м дешаран шо чекхдолуш, тхан а, кхин шина уьтталгӏачу классийн арахецар тӏекхочуш кечамаш беш бара хьехархой а, шаьш дешархой а. Амма урокаш-м гуттар а аьрхайевллера, контролан белхаш доладелира. Гуманитаран дисциплинаш-м саготта воцуш дика йара сан, амма цифрашца доккха дов дара сан, цкъа а машар хир боцуш дов. Малижин-м доттагӏалла дара массо а дисциплинашца. Математикан контролан болх дӏабоьдучу хенахь, со вара тховтӏехь йаздина хӏума ца карош, сайна хууш хӏума а доцуш ӏаш. Хьехархо дӏавирзича, Малижас цӏаьххьана кехатан цуьрг кховдийра соьга. Кехат аса даржийча кхийтира со, сайна деш гӏо дуйла. Иза-м урок йолалушшехь шен хьаьжъйуккъера шад ца бостуш, гонаха цхьа а ца гуш, шен болх беш йара. Суна-м дагахь дацара йоӏана со гуш ву аьлла. Со цецваьккхинера цо. «Цунна-м со гуш хилла!» — чӏогӏа дагна там хиллера суна. Амма кестта хааделира суна Малижас ӏумарна а кховдош иштта кехатан цуьрг. Со кхийтира, Малижас суна иштта баркал аьллера аса шен сурташдахарна. Урок чекхъйаьлча со ишколан ринжех араваьлла со висира, наггахь дӏасавоьдург ца лерича. Уьш-м баккхий нах бара, шайн цхьацца гӏуллакхе сихбелла лелаш. Цара-м сан цхьанаклассера бераша санна шайн ловзарш коча ца туьйсура суна. Аса-м кхин йеш ойланаш а йацара, дуьххьал дӏа со висан лиънера суна. Йоккхачу шозза тӏекӏелйинчу ишколан уьйтӏара-м берийн зевне аьзнаш дара кхузахь а хезаш. Со дикка гена волуш дӏаваханера, амма урокана тӏехьависахь а аьлла вухаволавелира. Ишколан керта йисттехула чувоьду ринжехьа со схьаволавелча суна гира цхьанхьа-м туькана йаханчуьра ишколе схьахьаьдда йогӏу Губаний, Малижий. Вовше-м цхьаъ олуш, Малижа цхьажимма хьалха дӏайолайелира, Губани сецира. Соьга хьоьжуш хийтира суна и.
— Схьаволалой валахь, хӏинцца уроке горгали тухур бу вайна! — йистхилира Губани.
— Соьга лоь хьо? — ца кхийтира со.
— Кхузахь хьой бен кхин стагга а вуй? — йелайелира Губани, со улло кхаьчча аз шабаршка доккхуш хаьттира:
— Хьо Малиже вист ца хилла хӏинца а?