Стиглара доьссина малик гича санна хийтира суна хӏинца, хьалха а санна.
— Байташ йазъйан-м хьекъал тоьур дацара сан. Ишкола чекхйоккхуш экзаменашкахь шиънаш ца дохуш кӏелхьаравалахьара, — экзаменаш дагайаьхкина догкхуьйлира сан.
— Кхин дӏа дешан дагахь вуй хьо? — хаьттира Малижас.
Суна-м ӏумарас Малиже дуьйцуш сайна хезна къамел дагадеира.
— Стенгахь? — хаьттира аса.
— Институтехь, — иза иштта олуш санна атта долуш санна элира Малижас.
— Сан некъ боьдуш лаьтташехь Советан Эскаршка дӏабоьдуш бу, — сайн дог-ойланах кхетийра аса йоӏ.
— Ткъа эскаршкахь гӏулкх дина ваьлча ма мегар ду деша. Эскарехь ахьа хьо дика гайтича, институте хьажош кехаташ ло боху цигахь, — шенчунна тӏера ца йолура йоӏ.
— Сан институт трактор хир йу моьттуш ву со, — ӏумаран дешнаш ца дицлуш йоӏана ӏоьттира аса.
Йоьӏан хьаьжъйуккъехь шийла шад дӏахӏоьттира, сан дегӏе шело хьодийтуш.
— Тракторан тӏехь а бан беза цхьамма болх. Дукха дика кӏентий, божарий бу техникаца болу болх безаш-м, — аьлла со цецваьккхира Малижас.
— Хьо йуй дешан дагахь? Хаьржаний ахьа хьайна институт? — хаьттира аса.
— Ца хаа, конкурсаш йаккхий йу боху институташкахь. Чекхъйолий-м ца хаьа, — элира йоӏа ойлане.
Шен дан дезарг а, шен дахарехь ша дан гӏертарг а хууш, баккхийчара санна ойлайеш йара Малижа. Ишттачу нахах хуьлу-кх ӏилманчаш, хьехархой, хьаькимаш. Са-м дацара оцу йоӏехь долучунна ах хьекъал а. Со-м висинарг а вохийнера йоӏа.
Суна орцахболуш санна бийкира ишколан уьйтӏахь, тхошиъ даиманна а къастош горгали.