Цӏе санна бовхачу малхо сиха дӏакхоллу и дохк. Бакъбезам чохь кхоллалуш мел цӏена дог делахь а, ирс безамца цхьана некъахь лелаш ца хиллера дукха хьолахь.
— Малижица «доттагӏала» хӏунда ца леладо ахьа? Хазахетий хьуна и? Ас захло хьахаде цуьнга? И-м дуьхьала хир йолуш йац, сунна хаьа иза-м, — хьахийра соь переменехь хазачу куьцехь лекхочу дегӏехь йолчу классера Губани цӏе йолчу йоӏа.
— Ас-айса... со со вист хир ву со, — эхь хетар къайладаккха гӏоьртира со, амма гӏулкх-м ца хилира.
Сан кӏеззигчу дахарехь дуьххьара гучудаьлла дара сунна «захло» боху дош. Дагахь доцуш цӏаьххьана хиларна, со-м ехъ хетта а ца ӏаш, воьхнера. Суна-м тарделлера массо а адмашна сайн къайле гучуйаьлла. Аса сайх а лечкъош дериг, хӏинца массарна а хууш ду моьттура сунна, сайн багара даьлла дош а доцуш. Хӏинца классе чу муха вахан деза, муха хьажан деза деррехь, хӏинццалца со къайлаха хьоьжуш хиллачу бӏаьргийн сийналле, сайн къайлахчу бӏаьстене? Хӏунда ду божбераш шайн кхиарехь зудаберел тӏаьхьадуьсуш. Кхиндолу дахаран цамгарш санна безаман цамгар а зударша атта ловчух тера ду-кх.