Сирень а даьржинера акказийца къовсаделча санна. Семагӏан хеталора сайна гонаха мел гушдерг а. Чӏогӏа беза болх бичасанна дегӏ чӏогӏа кӏадделла хӏоьттинера.
— Накъост, хьо стенга ваханера? Хьо лоьхуш охашимма шайолу ишкола ма теллина! — чухахкавелира суна доттагӏ ӏарби, даима санна массо а дуьненна везавеш.
— Хьо охьанехьа хахкавелла воьдуш гира шайна ма элира тхан йишас Розкас, — тӏетуьйхира Турпалханас а.
Оцу хенахь ишколачура шен накъосташца мехкаршца арайаьлла схьайолайеллачу Розкас, шен хьаьвзина хаза чӏагаршхиллачу сирлачу месаш на кӏелдӏашкахула шен эсала сира ши бӏаьрг белабеш тхан агӏора хьажош кхин цкъа а тӏетадира шен дешнаш:
— Гира, гира... Лаха агӏора хьаьдда воьуш гира...,— цхьанна а ца хуург шена гучудалар тешалла дира догцӏенчу тхан хеннара йолчу йоӏа Розкас.
Ткъа сан ши накъост-м цӏа ца воьдуш со лоьхуш лелаш хиллера, ишколана гонаш туьйсуш. Со цхьа хьекъалах тиллачух тарвеллера оцу шина. Хьанна хаьа, со-м хила а мегара мелла а хьекъалца эшна.
— Дера ву со вайн накъост цхьана меъана тӏаьхьахахкавелла вахана хилла моьттуш, — къежаш шен дика цергаш уьйхьира тхол цхьа-ши шо жима велахь а, вундеркинд аьлла цӏе дӏайахана волчу ша маликана санна цӏена йуьхь-сибат долчу сан доттагӏчо Турпалхана а.
— Хьо лаха агӏора воьдуш тхоьга а ца олуш хӏунда вахна хьо? Вайн лакхахьарчаьрца дика боцуш ма бу уьш. Дера ву хьо цара «гӏиба» валлалц йиттина «уппада» воккхур! — тӏетуьйхира, даима а тӏемлочун дог-ойла йолуш волчу ӏарбис.
Со-м вацара сайга дуьйцучух кхета дог-ойла йисина а. Со воьхнера. Цхьана дийнахь хӏинцца кхиъна вогӏучу жимчу стагана дукха хетар-кха шена тӏехӏоьттинарг. Йоьӏан дагар хаар къовдор... малик тарделлачу йоӏах догдалар... мехкаршна тӏаьхьауьдуш накъосташна гучувалар. Йаккхенчу хӏусамашкахь-м мелла а эвхьазо хуьлу хир дара и саннарш, амма со вар-кха чӏогӏа эхье, дукха къовлавелла. Шаболу нах-м цхьатерра хила йиш а ма йац, хӏунда ву и стаг иштта, кхинарг вуьшта олийла а ма дац хӏокху дуьненчохь.
— Дӏадовлийша, аша хӏун до следователш ЗНАТОКИ-ш а хилла! Со эцца туьканаш йолчу йуккъе ваханера, — кӏелхьара валан гӏоьртира со доттагӏийн керара.