Кӏант мелла а хьалхехьо араваьлла хилар бахьна долуш, урамехь кӏезига бара нах. Жимма хан йаьлча Рамзан тӏекхечира кевна хьалха дижина ӏуьллучу доккхачу жӏаьлина. Кӏант цӏаьххьана жӏаьла шена уллохь ничделча дӏаса хьаьжира, амма оцу хенахь урамехь стагга а вацара. Рамзан воьхна жӏалега хьаьжира, жӏаьло цӏаьххьана шен нана боккха корта айбина кӏантехьа берзийра. Рамзан вогӏавелла висира. Ткъа жӏаьла кӏантана тӏе бӏаьргаш а боьгӏна хьала а гӏаьттина цунна улло хилира. Ира хӏоьттича жӏаьла кӏантал а лекха дара. Иштта жӏаьлий кӏантий дехха лаьттира. Эххар а ков а диллина, сирлачу месех кӏайн банташ а дихкина йолу, Рамзанан классера цхьа йоӏ арайелира жӏаьла долчу кертара.
— Кӏант, ма кхера, цо хӏума дийр дац хьуна. Борзик, дӏадала нах кхера а ца беш, массаьрга а сагӏадеха кӏорда ца дина хьуна, — элира йоӏа, хаза йелан къежаш, тӏаккха жӏалийна хьажъйуккъе куьг хаькхира цо.
— С-со-м ца кхоьру, — къарцавалан гӏоьртира Рамзан.
— Борзик дукха дегӏана доккха ду, мелла дукха йелча а йаахӏума ца тоьу цунна. Цундела тӏехдовлучу бераша даима а цхьацца йаахӏума йалан ӏамийна жӏаьлийна. Хьо а шена цхьа хӏума йахьаш веъна моьттуш хилла цунна. Хьан цӏе муха йу? Хьо тхан классехь ма ву, вуй? Со Зараъ йу, — элира йоӏа, кӏанта бохург кхин башха тергал а ца деш.
— Сан цӏе Рамзан йу. Со-м вац цунах кхоьруш, — майраволуш, кхин цкъа а элира кӏанта жӏалегахьа корта а ластош.
— Хьо ишколе вогӏуш вуй? — аьлла хаттар а деш, Зараъ ишколехьа дӏайолайелира.
— Хӏаъ, ву, — сихвелира Рамзан йоӏана тӏехьа.
Амма цӏаьххьана сецина тӏоьрмигчуьра целофан пакетан чуьра йуккъехь стомма нехча йолуш долу, бабас шена делла бепиг Борзана дӏаделира цо. Кӏант а, жӏаьла а чӏогӏа реза дара оцу гӏуллакхана.
Оцу ӏуьйрана дуьйна хӏора дийнахь цхьана школе доьдура йоӏ а, кӏант а. Борз а чӏогӏа даккхийдора Рамзан шена гушшехь. Кӏанта хӏора ӏуьйранна шена бабас безамца кечдеш долу бепиган дакъа дахьара жӏаьлийна. Баба а йара кӏантана чӏогӏа реза. Бехк а бацара, Рамзанас ша доьхуш схьаоьцура хӏинццалца ца дууш хилла бепиг.
«Ишколехь мацлучух тера ду-кх сан жима Рамзан», — ойла йора Ребӏата, хӏора ӏуьйрана кӏантана тӏаьхьа а хьоьжуш, корта а лестош.
2004 шо.