– И тайпа хабарш дуьйцург хьо схьавеанчу йуха дӏахьажаво кхузарчу ӏедало. И хаалахь, хьайна йуха а Сибрех ваха ца лаахь. Ткъе ворхӏ шо Сибрех даьккхича мукъана а, кхета мегар дара!
– Сан гӏайгӏа ма белахь, Панта-Хьаьжа. Оцу ткъе ворхӏ шаро мелла а кхетаме валийна со. Дуккха а мехкаш, халкъаш, адамаш девзина. Суна цхьаъ хаьа. Дала ша хӏокху дуьнен чу даьхна адамаш а, къаьмнаш а цхьатерра, цхьанийсса бакъонаш йелла кхоьллина. Вовшех леташ, вовшийн дойуш, цхьакӏеззигчара дукхахдерш дацаде, лоллехь, ӏазапехь латтаде, вовшийн мостагӏий а хилий даха аьлла, ца кхоьллина, вовшашлахь бертахь, машаре даха, харцонаш, йамартлонаш ма лелае, аьлла кхоьллина. Оьрсий керстанаш бу, ткъа нохчий бусалбанаш бу. Амма керстачу оьрсийн паччахьо а, хьоладайша а цхьатерра ӏазапехь латтабо шайн керста оьрсий а, бусалба нохчий а. Изза хьал ду керстачу гуьржийн а, эрмалойн а, бусалбачу туркойн а, гӏажарийн а мехкашкахь а. Дуьненан массо а мехкашкахь а. Массанхьа а къечу, мискачу, гӏийлачу адамийн а, халкъийн а йукъара цхьа мостагӏ ву паччахьаш а, хьоладай а, церан гӏоьнчий а. Ткъа массо а динадайша, Дала а, пайхамарша а, Товрато а, Забуро а, Инжило а, Къуръано а гайтинчу некъашна тӏера йуьстах а буьйлуш, паччахьийн, хьолахойн аьттонна дӏахьийзадо. Кхузахь изза до аша а.
Оьгӏазвахана Хьуьса-Молла, кхузара дӏавала дагахь хьалагӏатта вуьйлира, амма Панта-Хьаьжас, чоин тӏам озийна, охьахаийра.
Вовшашна весаш йан гергабахана и къийсамаш севцира, урамо голатухучохь дегӏана лекха, зоьртала воккха стаг гучуваьлча. Ханна воккха велахь а, хӏетта сирйала йоьлла, йоцца лергина маж а, хаза тодина даккхий мекхаш а, цӏен бос бетталуш беснеш а йара цуьнан. Атлазан гӏовтална тӏехула тӏедуьйхина дато бустамаш долу ӏаьржачу исхаран чоа а, гӏодайукъ къевлина дихкина детица кхелина доьхка а, шаьлта а дара. Кхузткъе итт-пхийтта шо хан хир йара цуьнан, амма тӏехьаьжча, оцу шен хенал къона хетара иза. Лекха хьаж дӏакъовлуш, дуькъачу цӏоцкъамашна тӏегӏортийна тиллинчу месалчу куйнна бухара схьахьоьжучу хьекъалечу бӏаьргаша а, дукъ тӏе а даьлла, хьаьвзинчу боккхочу