санна, йуса а йуьйсина, татанца мох дӏахийцира.
– Шайн нахера зулам далале довла дезара шу орцах. Хӏинца тӏаьхьа ду. Цхьаммо гӏалгӏазкхичунна шаьлта тоьхна, шолгӏачо йуьртдена тӏара эккхийтина, кхозлагӏчо ӏедалан говр лачкъийна, воьалгӏачо йурт ӏедална дуьхьалйаьккхина. Хӏинца соьга хӏун де боху аш? Неӏ йеллий, арахеца, боху аш? Йуха а цаьрга зулам дайта?
– Ца боху дера. Цаьрга кхача дӏа а луш, тхо вовшашна гайта мегар дацара-те аьлла, даьхкинера тхо-м, – элира воккхачу стага.
– Нана йаларг, сайниг цомгаш ву, боху… Хьайн Делан дуьхьа, къинхетам бехьа декъазчу ненах… И цхьа кӏант бен, доьзалхо ма вац сан… Иза дуьнен чу а валале лаьцна вигна цуьнан да доьза ма вайна… Тӏехь да а воцуш кхиъна, гӏийла бо ма ду иза…
– Хӏета, цуьнан да а хилла-кх кху ӏедалан мостагӏ? – йоккха стаг йукъахйаьккхира эпсаро.
– Хӏан-хӏа, цуьнан да оьзда, хьанала стаг вара…
– Тоийта. Тахана цхьа а тӏевуьтуш вац тутмакхашна. – Эпсар, багахь шок лоькхуш, эткех йайн шед йетташ, гӏопа чу вахара.
Кӏанта шен ненан кучан йух озийра.
– Цӏа гӏо вай, нана?
Нанас, йист ца хуьлуш, дайн куьг хьаькхира цуьнан коьртах.
Туьканан корехь лаьтта пиркечик, ара а ваьлла, зударшна тӏевеара.
– Аш дехарш дарах а, делхарх а, тӏедуьтур дац шу, – элира цо зударшка.
– Оха хӏун дан деза? – цунна тӏейирзира йоккха стаг.
– Хьаькамашна кхоана йала хӏума йуй шуьгахь?
Йоккха стаг дӏатийра.
– Мел хӏума йезар йу? – хаьттира цхьана зудчо.
– Шайн ницкъ кхоччург.
– Цхьацца сом тоьур дуй?
Пиркечико ойла йира.
– Доцчунна дан хӏума дац. Ма-луъу ца хилча, ма-торру, аьлла-кх.
Къона ши зуда вовшех дагайелира.
– Оха цуьнга дӏа муха лур ду? Цо лелхадахь?
– Соьга схьало. Ас дӏакхачор ду кхачо деззачуьнга.
Шина зудчо шайн корталийн тӏемагех дина шеддаш а даьстина, дато соьмаш кховдийра.
– Ахь лой хӏумма а? – йоккхачу стаге хьаьжира пиркечик.
– Соьгахь дац… Кӏантана беана кхача боцург… Сискал, нехча, хохаш…
Воккха стаг, вист ца хуьлуш, йуьстах лаьттара.
Карахь дӏаса а хьийзийна, ахча гӏовталан кисана тесира пиркечика.
– Хӏета, сайга хӏун дало, хьожу со, – гӏопа чу вахара иза.
Дукха хан йалале гӏопан кевнехь гучувелира пиркечик а, нохчо-эпсар а, гӏалгӏазкхийн вахмистр а.
– И къона ши зуда