ладегӏар, йа сох догдиллинехь а, маре ца йоьдуш, ша йаллалц ӏер а муха хир ду? Маре йаха бакъо йуй цуьнан?
– Майра веллачул тӏаьхьа биъ бутт а итт де а даьлча, маре йаха маьрша хуьлу зуда.
– Со дийна ма ву ткъа?
– Майра цхьанхьа дийна велахь а. Майрачо ша тӏаме, генна меха воьдуш, йа вайша санна, лаьцна вуьгуш, цӏахь йуьсучу зудчунна ша цӏа верззалц йолчу ханна рицкъа а, тӏедуха а, когадуха а, кхин оьшург а дита деза. Нагахь санна зудчунна оьшург а ца дуьтуш иза ваханехь, шариӏатах дага а йаьлла, цуьнга кхел а йайтина, биъ бутт итт де а даьлча, маре йаха бакъо йу зудчун.
– Цунна маре йаха ца лаахь? Тхойшиннан ши кӏант ма ву?
– Маре йахар, цайахар цуьнан шен лаам бу, ткъа хьан декхар шена луург дан цунна маршо йалар ду.
– Ас муха ло цунна маршо, и дӏакхето кхузара дӏавоьдуш стаг а, дӏадоьдуш кехат а ца хилча? Ас йитина а йоцуш, иза маре гӏахь, хӏун дан деза?
– Нагахь санна Далла хьалха хьо цӏена хила хьуна лаахь, Дела теш а лаций, цхьацца бутт хан йукъа а йолуьйтуш, кхузза цӏе а тасий, йита. Тӏаккха Далла хьалха а, хьайн зудчунна хьалха а бехказа хуьлу хьо.
– Ас йитина а йоцуш, и сан зуда маре йаханехь, сан цӏа верзар а хилахь, тӏаккха хӏун хир ду?
– Нагахь санна хьан зудчунна хьоьга йухайан а лаахь, хьуна иза йухайало а лаахь, хьан зуда йигначо иза йита йеза, ткъа ахь, айхьа дуьххьара йалош санна, шариӏатехь мах а бина, йуха а хьайн цӏар тӏе йоккхур йу. Нагахь санна хьуна иза йухайало а, цунна йухайан а ца лаахь, йигначуьнгахь йуьсур йу. Иза а, важа а шушиннан йа шиннах цхьаьннан лааме хьаьжжина хир ду.
И къамел хиллачул тӏаьхьа, Сулейман а, кхин цхьа гӏезало а тешаш а хӏиттийна, цхьацца бутт хан йукъа а йолуьйтуш, кхузза цӏе а тосуш, Айза йитина, шен цӏар тӏера маршайаьккхира ӏелас. Хӏетахь, ша иза деш, цунна ца моьттура ша дийна цӏа воьрзур ву а, цӏа вирзича, Айза маре йахана карор йу а…
Сагатлуш, кертахь цхьацца гӏуллакхаш дан гӏерташ а лелла, чувирзина, маьркӏажан ламаз а дина, вирд даккха охьахиира ӏела. Медана, шен да-нана долчу йахана, цӏахь йацара, кӏентан ши кӏант а кхарста ваханера. Хӏусамехь даьсса, тапъаьлла тийна, сингаттаме дара. Цхьадика, хьера вахана ӏусман цӏа кхечира.
Буьйса йацйан цхьа а чу ца вогӏуш, хӏара дог диллина ӏаш,