– Охӏ, сан хьаша-м, хьаха, товелла ӏуьллуш ма ву! – Янаркъина тӏехьаьдира хӏусамда. – Ткъа ас лор валийна хьуна дарбанаш леладайта. Охьаховшал, Василий Степанович. Хьамзат, хьо тхуна уллохь хаахьа, талмажалла дан. Тӏаккха, воккха стаг, муха йу хьан могашалла? Цуьнга хьажахьа, Василий Степанович, къамел дечу хьолехь вуй-те иза?
Горга тойина хьаьрса маж, даккхий мекхаш долу кхузткъа шо хенара векъана, лекхачу дегӏара лор, шен бӏаьргех куьзганаш а доьхкина, Янаркъина улло маьнги тӏе охьа а лахвелла, цуьнан бекъа пхьарс кара а лаьцна, куьйган хьорка йолччерчу пхона тӏе пӏелг а биллина, ладегӏа хӏоьттира. Тӏаккха жимачу зурманах тера цхьа хӏума букъа тӏе а, некха тӏе а лоьцуш, Янаркъин садаӏаре ла а дегӏна, хьалагӏеттира иза.
– Кхераме хӏумма а дац. Цхьана кӏиранах ӏиллича, товелла, цӏа гӏур ву.
Хьамзата Янаркъина дийцира селхана базарахь хилларг. Нохчашна йетташ, уьш талош, бехна хьерабевлла лела гӏалагӏазкхий совцо йалийнчу салтийн полко уьш совца-м муххале а ца бира, мелхо а, царах дӏа а кхетта, нохчашна йиттира, талийра. Вуьрхӏитта нохчо вийна, ткъа, Янаркъа санна, йиттина кӏелбитинарш дуккха а бу. Царах цхьаберш накъосташа йарташка дӏабигна, цхьаберш больнице охьабехкина. Когаш тӏе ирахӏитталурш шаьш дӏабахна. Гӏалагӏазкхаша а, салташа а нохчийн цӏенош, туьканаш отуш, талийна. И дерриг а ӏедалца бертахь лелийна, нохчийн а, оьрсийн а барт ца хилийта, царна йукъахь мостагӏалла кхолла.
– Далла бу хастам, хьо дийна висарна, – элира Федора Тимофеевича, лоьраца шен къамел хилча. – Дуьххьалдӏа са чӏогӏа а хилла, ца леш висина хӏара. Селхана тхо тӏекхаьчначу хенахь хӏара гинарг хӏокхуьнан къина воьлхур вара. Хьанна моьттура, хӏара дийна вуьсур ву? Хӏинца, Хьамзат, дийцахьа воккхачу стагана тахана митингехь вайн хилла къамелаш. Алахьа цуьнга цига гулбеллачу оьрсийн а, нохчийн а къинхьегамхоша ӏедалан и ӏаьржа гӏуллакхаш бехке до. Оьрсийн къинхьегамхойн, со санначу къечу гӏалагӏазкхийн цхьа а тайпа хьагӏ-гамо йац нохчашца. Мелхо а, шуна улло а хӏиттина, паччахьан ӏедална дуьхьал къийсам латто, иза дохийна дӏадаккха, шуна а, тхайна а маршо йаккха, цхьа вежарий а хилла даха лаьа тхуна.