– Ва ӏалайкум салам! Дела реза хуьлда хьуна а. Ванах, ӏела, хьо вац хӏара? – шен цел белша тӏе а тесна, хьаьжкӏаш йукъара схьавелира воккха стаг. – Ахь хӏун до, хьо лаа веаний кхуза?
Ӏелина ца вевзара иза.
– Сагатделла, хьаннашка бӏаьрг тоха дукъа ваьллера со-м.
– Тӏаккха, могаш-маьрша лелий? Охьалахлохьа. Кӏант а, кӏентан доьзал а буй могаш?
– Дала дика кхобу. Шу а деца могаш?
Воккхачу стага доккха садаьккхира.
– Шу бохург дан а дац, ӏела. Со воллу-кх хӏокху холбатахь хан токхуш. Охьалахлохьа кхуза, Беци тӏе. Жимма хьоьца дар-дацар а олуш, садаӏа ас. Хьуна-м со вевза а хир вац. Со вевзаш нах кӏезиг бу кхузахь. Ас вийцича-м, дагавогӏур вара хьуна. Тохара, шу Хонкара дахале цхьа шо хьалха, тхан дай, сой шина Терка йуккъе кхелхина ваха араваьллачу дийнахь, кетӏахь тхуна тӏенисвелира хьо. Цул тӏаьхьа шовзткъе итт шо даьлла. Хӏетте а, оцу дийнахь тхо йуьртах довлуш, тхан дега ахь доггаха аьлла дешнаш цкъа а ца дицло суна,
– Мила вара шун да?
– Жаьнтамар.
Шен ойланашца цхьана минотана шовзткъе итт шо йуханехьа вахара ӏела. Цунна хьалха схьахӏоьттира Васалан урд аха шен старца божа сту лаха ша араваьлла де. Стерчийн вордан тӏе шайн миска сал-пал а йоьттина, царна тӏехула тӏе кӏентан бераш а ховшийна, урамехь лаьтта къена Жаьнтамар. Бӏаьргех хиш а лешаш, ӏодика йора цо шаьш новкъадаха тӏаьхьабевллачу лулахойн. Ӏелина чӏогӏа чам байра, иза кхелхина Теркал дехьа воьдийла хиъча. Вуьшта а кӏезиг бисинера йуьртахь нах. Белларш-м денлур бацара, ткъа хӏара дийнанаш мукъана а йуьртахь совцийла лаьара цунна.
– Вон кхелха шу цига, – элира цо Жаьнтамаре. – Лахь а, дисахь а, кхузахь цхьаьний ӏийр дара-кх. Вайнехан латта ма ду аш, мах а луш, йолах лело схьаоьцург. Жимма йахь хила а ма йезара кийрахь.
– Хӏун дийр ду, ӏела? – йолчу тӏе а гӏайгӏане кхоьлира Жаьнтамаран йуьхь. – Валлахӏора, хӏумма а хазахеташ-м ца воьду со цига. Хӏара цӏоз кхузахь хене даккха хала ду. Вайна ма-хаъара, кхузахь со тӏевеана стаг ву. Пхьоьханахь сий дац сан. Куьйган бакъо а йац йуьртан гуламехь. Тӏехула тӏе, дайн хиллачу махка тӏехь, церан кешнашна уллохь вала а, ваха а, цигахь дӏаволла а, лаьа. Шу а дац кхузахь даладелла ӏаш. Со санна тӏебаьхкинчу наха йолчунна тӏе а гатте йина шуна а…