тӏекхачале и шийтта адам а, биъ сту а, ши салаз а дӏа а хуьйдина, жижигах дуьзна там хилла экха санна, буркъаш туьйсуш, керчаш дӏаоьхура буьрса Терк…
Мусхас шен къамел сацийра.
– Ткъа и висина кӏентан кӏант вуй хьоьца? – хаьттира ӏелас.
Мусхас доккха садаьккхира.
– Кхидӏа дийца гуттар а хала ду, ӏела. Цундела сацийра ас сайн къамел.
Макхйелла, хьацар тоьхна, гӏайгӏано хьарчийна цуьнан йуьхь тера а йацара цхьа сахьт хьалха ӏелина гинчух.
– Цкъа ойла хилира сан, Терка чу а иккхина, велла дӏавала, – цхьа хан йаьлча кхидӏа дийца вуьйлира Мусха. – Нека хууш а воцу, тӏехула тӏе, къена со, хи чу ваьлчахьана, велла ма вара. Ӏожалло бен йойур йацара сан кийра боттуш кхерста цӏе. Айса со а вийна, и инзаре доккха къа а, эхь а тӏеэца сацам хилира сан. Ша тӏе а даьлла, даьржинчу хи чухула со дӏавоьдуш, хӏун дара а, хаац, цӏеххьана йухахьаьжира со. Воьлхуш йиш хаьлла, ша-шех кадетташ, хийистехула дӏасауьду кӏант гира суна. Тӏаккха цӏеххьана, сан дагара хиъча санна, ши куьг хьалха а кховдийна: «Вай, дада, со ма витахьа», – аьлла, шийла мохь хьаькхна, ша тӏехула гомха долчу хи чухула суна тӏаьхьахьаьдира иза. Оцу маьхьаро ойла йайтира соьга. Хилларг хилла ма даьлла. Оцу шийттанна тӏаьххье со ша кӏел хи чу эккхарх, нисдала хӏума ма дац. Хӏара бо сол тӏаьхьа дола дан верас воцуш ма дуьсу. Хиллачу бохамах кхетча санна, маьхьарий хьоькхуш, ӏоьхуш хьийзара даьхни а. Со шена тӏевеача, къаьрззина соьга а хьоьжуш, кӏегаргӏертара кӏант. Тӏаьхьа хиира суна, и цецваьккхинарг хӏун ду. Цхьа сахьт хьалха ӏаьржа хилла сан кортий, мажжий, ло санна, кӏайделлера. Чу алу йоьхкича санна, кийра богура. Хӏун дан деза ца хууш, корта хьере хиллера. Орца ала гергахь йурт а йацара. Орца кхаьчча а, цо хӏун меттахӏоттор дара? Ша кӏел дахана шийтта адам денлур дацара, гӏоьнна дерриг дуьне деача а. Декъий схьакарорга дог дохийла а йацара. Буьйса тӏекхечира. Жимма са меттадеача, даго цхьа некъ а хьоьхур бацара-те аьлла, цигахь буьйса йаккха сацам хилира сан. Цу тӏе, дийнахь сарралц некъ бина даьхни а ма дара кӏадделла, мацделла. Сайна бохам хиллера аьлла, и синош дӏатуьйсийла а ма дацара. Вахана, цхьа мор эрз а баьккхина, цӏе а латийна, циггахь туп а тоьхна,