Хьекъална аьрта, сутара, куьйгаш боьха тӏеман чиновник. Иза округана тӏехь куьйгалла дарца ца ларийча, дӏа а ваьккхина, дегӏастанхо Ханжалов округан начальник а хӏоттийна, Добровольский цуьнан гӏоьнча витира. Добровольскийца мостагӏалла долчу Зеламхас иза дукха хан йалале вийра. Ӏедалах ларбелчахьана, оьрси вер кхераме дацара нохчашна. Амма ламанхойх вийна стаг, ӏедалах ларвелча а, кӏелхьара ца волура. Цара шайн вийначу стеган чӏир йоькхура, мацца йоькхий а. Чӏирах, мостагӏаллех кхоьруш делахь а йа иза шайн лулахо, дегӏастанхо, шаьш санна, бусалба хиларна делахь а, оццул къиза Ханжалов ца вуьйш витира нохчаша. Шолгӏа: Нохчийчохь шен тӏеман-колониальни къиза урхалла нохчийн луларчу къаьмнех болчу нехан куьйгашца латтадора ӏедало. Ткъа оцу къизачу администраторшка нохчийн цабезам, цатешам, мостагӏалла церан къаьмнашна тӏе а даьржара. Оццу ӏалашонца Ханжаловн меттана округан начальник хӏоттийнера хӏири Галаев.
Устаргӏардойн-Эвлахь хиллачу гуламан декъашхоша дог-ойла гӏаттийнера Овхьадан. Оцу гуламо ӏедалера цхьамогӏа политически бакъонаш а йаьхнера нохчашна. Хӏетталц йуьртдай а, къеданаш а, молланаш а, йартийн урхаллийн къаной а ӏедало хӏиттабора. Гуламо инарла-губернаторера бакъо йаьккхира уьш йарташка шайгга харжийта. Герз а ца хьедеш, цӏий а ца ӏанош, иштта машаречу, политикин а, демократин а некъашца халкъана маршо йухаерзайаларе дог дохура Овхьада.