Дӏадаханчу ӏай цо кхерамаш тийсина массара а лоруш волу молла Хьуьса а, совдегар ӏабди а вен. Писар мега ткъа йуьртара нах ӏедална дуьхьал карзахбохуш, мотт-эладита лелош волу Солтханов Солта?
Тӏехьарчу могӏаршкахь хӏоьттина лаьтта Солта, шен цхьана куьйга нах дӏаса а тоьттуш, хьалха гӏоьртира. Амма шена тӏенисвелча, Бӏаьштага сацийра иза.
– Собар, Солта, дийцина валийта иза.
– Урхалле харжа билгалбина аш Султахаджиев Доша а, Абакархаджиев Аьрсамирза а, – пурстоп цавашаре велавелира. – Хӏара-м беламе дай! Доша къу ву, схьалаца маьӏиг цахиларна, оха Сибрех ца вохуьйтуш вуьтуш. Аьрсамирза? Даим ӏедална дуьхьал хилла схьавогӏуш ву. Кӏанта Эламирзас а цуьнгара масал эцна. Фронтехь нохчийн дошлойн бӏо паччахьана дуьхьал гӏаттийнчу коьртачу бунтарех цхьаъ хилла иза. Суьдах, ведда, кӏелхьарваьлла и кӏилло, нагахь санна салтийн тоьпо ца вийнехь, йа, схьалаьцна, каторге ца вахийтинехь, цхьанхьа даккхийчу некъашкахь талораш деш лелаш хир ву. Тхо дуьхьал дац аш Маӏазов Лорса йуьртан молла а, къеда а харжарна. Амма кхузахь кхин цхьаъ ду. Кестта Буритӏахь болх бан йолалур йолуш динадайн комисси йу. Оцу комиссис толлур ду хӏора йуьртан къедин хаарш а, паччахьна муьтӏахьалла а. Цигахь зийна, чекхваьлларг бен, йуьртан къеда хила йиш йац. Хьуьса а, Лорса а цига вахийта. Комиссис къастийнарг хир ву шун къеда. Ткъа кхожа йукъабахийта йуьртда, писар, къаной кхин нах гайта. Ӏабди, къамел гочдай, хаттарш дуй, ала.
Хамовс иттех минотехь дина къамел гочдеш, цхьа сахьт гергга хан йайъира ӏабдис. Шеггара тӏедетташ, стамдеш, дестош. Дийцира шаьш Соьлжа-Гӏала дӏакхачар а, сардална хьалха гулдалар а, цо дина къамел а, цуьнан йуьхь-сибат а, шена гинарш а, хезнарш а.
– Доцца дийца, – кӏоршаме йукъахваьккхира иза Хамовс. – Со дӏавахча, йеттар ахь и хьайн бага. Кхожа йукъабахийта кхин нах билгалбаха, ала цаьрга.
– Аш къастийнчу нехан кара йуьртан ӏедал дала реза бац лакхара хьаькамаш. Кхин нах къастабе, боху пурстопа.
– И тхаьш билгалбаьхнарш хоржур бу оха йа цхьа а ца хоржуш ӏийр ду тхо! – хадам бира Бӏаьштага.