Дикачу гӏуллакхашца вовшашлахь хьалхе йаккха гӏорта…
Къуръан. 2 Сура, 148 айат
Гати-Юьртахь харжамаш хиллачул тӏаьхьа бутт сов хан йаьллера.
Шайн толамах тешна гатийуьртахой, бӏаьста йалташ а дийна, царна асарш а даьхна, хӏинца мангала бевллера. Ӏуьйранна де шеллах мангала вахана, делкъале шайн жимачу цани тӏе мангал тоьхна а ваьлла, цӏа вогӏучу ӏелина а, ӏусманна а новкъахь хезира, тахана йуьртан гулам а хилла, Ахьмадгӏар дӏа а баьхна, Саьӏадгӏар йуьртан урхалле хаьржина бохуш. Иза хӏун ду хьажа, эвлайуккъе а ваьлла, цӏа веанчу ӏусмана дийцира цигахь хилларг.
Хьалххе пурстопаца барт а бина, дукхахболу нах кхаш тӏе балха баханчу хенахь йуьртан гулам кхайкхийнера Саьӏадгӏара, ткъа сийсара цара къайллах шайга хаам бина церан бартахой, шайн гергарчу нахаца йуьртара ара ца бовлуш, цӏахь севццера. Уьш йиллинчу хенахь майдана гулбеллера. Ахьмадгӏарна кхаж тесначу виъ бӏе сов стагах цигахь цхьа иттех воккха стаг бен ца хилла. Хьалха кхузахь харжамаш беш закон талхийна, дукхахболу нах харжамашкахь дакъалоцуш а ца хилла аьлла пурстопо, цундела хӏетахь йуьртан урхалле хаьржина нах округан начальника чӏагӏ ца бина. Хӏетахь йуьрто къастийна, округан начальника къобалвина хилла пхи стаг – Саьӏад, ӏабди, Хьуьси, Панта-Хьаьжа, Инарла – йуьртан урхалле харжа веза аьлла. Цигахь хиллачу Ахьмада а, Солтас а дуьхьало йина пурстопана, амма цига гулвеллачу ах бӏе сов стага куьйгаш а айъина, и пхи стаг хаьржина.
Ӏелина хьалххе дуьйна хаьара Саьӏадгӏара, мацца йина а, и йамартло йийриг хилар. Йуьртахь церан тоба жима йелахь а, ӏедал цуьнгахьа ду. Йуьртара дукхахболу нах йа, хӏинццалц санна, оцу хьолахойн кога кӏел ӏен беза, йа, цаьрца къевсина, уьш коьртера охьабиссо беза. И тӏаьхьарниг дан нахехь ницкъ бац. Доцца аьлча, йурт шина декъе йекъайелла. Овхьад мукъана а велара цӏахь, цунах дагавала. Россе буьгучу нохчийн йолахойн хьокъехь Шела а, Соьлжа-Гӏала а вахана иза селхана. Цӏа маца вогӏур ву а, ца хаьа. Цкъа вахча, цӏа ца вогӏуш кӏиранах а, шина кӏиранах а ӏа.
Ӏелас ламаз эцна тас-гӏуммагӏ дӏадаккха чуйеара цуьнан кӏентан йоӏ, итт шо хенара Шовда.
– Седа йеанера хьо цӏахь воцуш, – элира цо, цӏенкъа горгам а хьокхуш.