гӏовланаш йолуш кӏеда диъ кресло а, даим йаьсса лаьтта книгаш чу хӏитто йоккха шкаф а. Стоьла тӏехула пенах кхозуш паччахьан доккха сурт а, цӏенкъа тесна хаза, кӏеда куз а. Хӏокху цӏа чуьра товха а йара, бустамаш дохуш, йеттинчу кибарчигех йина. И цӏа белхан гӏуллакхна ца кечдинера Хортӏас. Йуьрта баьхкина хьаькамаш оцу цӏа чу буьгура цо, ткъа хӏора дийнахь беш болчу балхана лерина важа цӏа дара. Ткъе итт шарахь сов йуьртда лаьттина Хортӏа дӏакхелхича, цуьнан метта хӏоттийнчу Саьӏада а ца талхийра Хортӏин низам. Ткъа дукха хан йоццуш йуьрто хаьржинчу Ахьмада а, цуьнан накъосташа а оцу цӏийнан неӏ ца йиллинера цкъа а. Уьш вукху белхан цӏа чу гуллора.
Аьрсамирза, Лорса, Солта ӏуьйранна хьалххе веанера канцеляре. Цхьацца вогӏуш, схьавеара Саьӏад, Хьуьси, ӏабди. Шина дийнахь цӏе ца латийначу цӏа чохь шийла йара. Хьал-де хоьттуш эрна хан а ца йойуш, хьийзораш ца йеш, къамел долийра Ахьмада.
– Хьуьса, тахана вайн йуьртана тӏекхозабелла кхерам массарначул а дика го шу кхаанна. Ӏедалца дерг а, йуьртарчу нахера хьал а хаьа шуна. Оцу полконака шозлагӏа а хан йелла вайна пачхьалкхан налогаш, гӏуданаш, герз дӏадала, йуьртара виъ стаг ӏедале дӏавала. Шен омра кхочуш ца дахь, хӏара йурт, йохийна, лаьттаца шарйийр йу ша а, аьлла цо. Шуна ма-хаъара, налогаш, гӏуданаш такха а ницкъ бац нехан, дӏадала герз а дац. Цо дӏавоьху виъ стаг ӏедале дӏа а велла, йуьртана эхь дечул, вайна делла дӏадовлар гӏоли йу. Полконака тоьхна хан кхана суьйранна чекхйолу. Вайн ворхӏе дай а, вай а хӏокху йуьртахь дина а, кхиъна а ду. Вайн дай кхузахь белла, лаьттах боьхкина, изза хила деза вайх а. Цхьана цӏийнах, йа ненахошкахула, йа захалшкахула вовшашца цхьа гергарло доцуш цхьа а доьзал бац хӏокху йуьртахь. Цхьанна хиллачу бохаман лазам массо а доьзалх кхета. Ваьш даллалц хӏокху йуьртахь цхьаьна даха а деза вай, велларг массара а цхьаьна дӏаволла а веза. Оцу дерригенан а ойла йина, вовшех дага а девлла, хӏара йурт бохамах кӏелхьарйаккха цхьа некъ карор бацара-те аьлла, схьакхайкхина шу. Хьуьса, хьо ӏеламстаг ву, ткъа Саьӏадна а, ӏабдина а ӏедалан болх, гӏуллакхаш, хьаькамаш а бевза. Шуна хӏун хета, аш хӏун олу, вай хӏун де-те?