полконаке дӏа а кхачабе, – шаьш йаздина кехат царна хьалха теттира Ахьмада. – Цо хӏиттийна хьаькамаш ма ду шу. Иза а, шу а ахчанах йохкалуш, эцалуш хӏуманаш йу. Кхидӏа къамелаш ца дер вай. Ӏодика йойла шун!
Чохь висинчу кхааммо йоцца кхеташо йира. Церан барт хилира, вукху хьолахойх дага а бевлла, ӏедалца дерг шайн ницкъашца, шайн харжашца дӏадерзо…
Ткъа Саьмби-Кӏотарарчу йуьртден хӏусаме воьссина полковник, букъа тӏехьа ши куьг а лаьцна, оцу шен сингаттамечу ойланаша дӏа а ца хоьцуш, жимачу цӏа чухула цкъа дӏасаволалуш, тӏаккха, корехь а соций, ара бӏаьрг тухуш, гатвелла хьийзара. Иза валлал дохковаьллера ша, ойла а ца йеш, гатийуьртахошна и ультиматум йаларх. Кхаа дийнахь-м хьовха, кхаа баттахь а и декхарш дӏатакха церан ницкъ боцийла а, схьадала оццул герз доцийла а, и йурт сийначу цӏарах йагийча а, ша схьавоьху виъ стаг цара шега схьалур воцийла а, шера хаьара цунна. Ткъа и ультиматум цара кхаа дийнахь кхочуш ца йахь, йурт йохо дош ма делла цо. Цигара цхьа цӏа дохадахь, йурт гӏоттур йу. Цунах дӏакхетар йу лулара йарташ а. Тӏаккха и ун, шеко йоцуш, йерриг а округе даьржар ду. Бахархошкара налогаш схьайаха, герз схьадаккха аьлла, лакхара охьа омра делахь а, округехь мятеж хилахь, хӏара бехке вийр ву. Хьуна халкъаца бийца машаре мотт карийнехьара, хьо къиза ца хиллехьара, халкъ ӏедална дуьхьал гӏоттур дацара аьлла. Кхин дуккха а бахьанаш карор ду шайн бехк хӏокхуьнан коча баийта, хӏара бехван, даржах вохо. Ткъа гатийуьртахошна хӏокхо делла дош кхочуш ца дахь, царна а, кхечу йарташна а хьалха хӏокхуьнан сий довр ду.
Йуьртана гӏуда шеггара тоьхна цо. Иза дӏадаккха а тарло. Схьадала дезачу герзан барам а шеггара хӏоттийна цо. Цара цхьа масех топ, тур-шаьлта, цхьакӏеззиг патармаш схьаделча, цунна а реза хир вара иза. Амма налог цо тухуш йац, иза цуьнан дӏасахьийзо бакъо йоцуш, пачхьалкхан гӏуллакх ду. Йерриг ца лахь а, цкъачунна ах мукъана а схьалахьара. Тӏаккха халкъана хьалха хӏокхуьнан сий а ца лахлуш, дов а доцуш, ӏедална а, бахархошна а хьалха хӏара бехке а ца хуьлуш, машаре дӏадоьрзур дара хӏара гӏуллакх. Олуш ма-хиллара, уьстагӏий дийна а дуьсуш, берзалой йуьзна а йолуш…
Неӏ херйина, пурба а