Амма гӏаддайна маслаӏат дара иза. Цунна ца оьшура керл-керла мостагӏаллаш. Уьш ца хилча а, ӏедалца дерг а тоьура цунна логгелц.
Шайна хилла бохам тидаме а эцна, Месяцевх берхӏитта эзар сом даьккхира Зеламхас. Амма оцу ахчанах хайра ца хилира. Иза бахьана долуш да а, ваша а, кхо накъост а вийра цуьнан.
Иза хеназа къанлуш ву. Дог а кӏадделла. Ша байъинчеран а, ша бахьана долуш байъинчеран а, бохамаш хиллачеран а дукха ойланаш йо цо. Къаьсттана дукха дагахь лаьтта Къеди-Юьртан станцехь шаьш вийна вуьрхӏитта стаг.
1905-чу шеран 10-чу октябрехь, кӏирандийнахь, Соьлжа-Гӏаларчу базарахь цхьа ладам боцчу гӏуллакхна тӏехула оьрсийн а, нохчийн а дов даьллера. Оцу девнехь цхьа оьрси вийнера. И дов, кхин доккха зулам ца хуьлуш, дӏадоьрзур дара, ӏедало дерза дитинехьара. Полковник Попов коьртехь а волуш, цига йеанчу Ширвански полко базарарчу нохчашна, карара массо а хӏума схьа а доккхуш, йиттира, вуьрхӏитта нохчо вийра, дукханна а чевнаш йира.
Цул тӏаьхьа нийсса ворхӏ де даьлча, 17-чу октябрехь, кӏирандийнахь, Къеди-Юьрта станцина уллохь пассажирийн цӏерпошт а сацийна, цкъа хьалха пассажираш а талийна, тӏаккха вуьрхӏитта стаг охьа а воссийна, тоьпаш тоьхна, уьш байъира Зеламхас.
Хӏинца тӏаьхь-тӏаьхьа цуьнан ойла йора Зеламхас. Соьлжа-Гӏалахь базарахь йинчу акхараллина бехке ӏедал ма дара. Нохчашна йиттина а, уьш талийна а, байъина а полковник а, салтий а. Ткъа Зеламхас, оцу нохчийн чӏир йоькхуш, машаре вуьрхӏитта оьрси вийра. Цкъа а герз каралаьцна а воцу. Цкъа а нохчашна новкъарло йина а воцу. Шайн доьзалшна тӏе цӏа воьдуш волу вуьрхӏитта стаг… Баккъал а ша нийсо йан гӏерташ хиллехь, бехкечарех бекхам эца гӏерташ хиллехь, оцу базарахь акхаралла лелийна полковник а, цуьнан салтий а байа ма безара цо…
Зеламхин гергарчеран доьзалш, лоьцуш, Сибрех хьийсабо. Царах а дог лозу. Цуьнан гергарчу цхьана зудчо догӏанах йоьлхуш дехар дира цуьнга, хьо бахьана долуш бехк-гуьнахь а доцу зударий, бераш, къенанаш ма хьийзабайтахьара ахь. Хьо даим а ӏедалах ведда лелла вер ма вац. Айхьа хӏинццалц лелийначунна хьо дохковаьллера, хьайх къинхетам бахьара, хьо бахьана долуш бехк-гуьнахь доцуш адамаш ма хьийзадахьара алий, ӏедална карагӏохьа бохуш. Зеламхас цуьнан ойла йо дукха хан йара.