Амма и халкъаш а ӏедалан къизалло дӏатединера. Беккъа цхьа нохчий бара Россин олаллина къарбелла, кӏелсовца цатуьгурш. Бахьана хӏун дара? Луларчу халкъел нохчий майра бу, олийла а дацара. Ламанан халкъаш дерриг а цхьатерра майра, доьналле, оьзда дара. Бакъду, цаьрца дуьстича, нохчийн халкъ кхетамна мелла а тӏаьхьадисинера. Дуьненан ӏилманца а, бусалба динан ӏилманца а. Тӏе, цхьа шатайпа къармазе амалш а йара нохчийн. Хьагӏ-гамо, сутаралла, сонта майралла. Таханенан бен, кханенан, ламенан ойла ца йеш. Шайга хаза хабар дийцича, атта тешаш, атта ӏехалуш.
Революци хиллачул тӏаьхьа Кавказан дерриг а халкъаш меттахдевлира Россина дуьхьал. Цхьадерш – жигара, вуьш – гӏийлла. Шайн ницкъашка хьаьвссина. Оцу боламан кхерч къармазечу Нохчийчохь бара. Кавказан халкъашна дуьхьал шуьйра пропагандистски кампани йолийра паччахьан ӏедало. Къаьсттана – нохчашна дуьхьал. Кхузахь а, столицехь а. Зорбанехь а, Пачхьалкхан Думехь а.
Къилбаседа-Кавказерчу зорбанехь дуккха а йаздора нохчашна а, гӏалгӏашна а дуьхьал. Цхьаболчу авторша шайн цӏераш ца йохкура статьйашна буха. Атта а, кхерамаза а дара иштта. «Теркан ведомосташ» тӏехь цхьаммо йаздора, нохчийн, гӏалгӏайн разбойникаш уггар боьханаш, къизанаш бу, цара йа Делах а, йа ӏедалах а ца кхоьруш, талораш до, аьшпаш, йамартло, тешнабехк церан цӏийх а, тӏамарх а боьлла бохуш. Нохчашна а, гӏалгӏашна а цхьа а ӏедал, закон ца деза, хаза дийцарх, ла ца дугӏу цара, кхето гӏертарх, ца кхета уьш, къизачу таӏзарша бен, къарбина, совцор бац уьш. Кхечо йаздора, хӏокху махкахь гӏалгӏазкхийн диктатура хӏотто йеза, туземцаш къарбан шатайпа бакъонаш а йолуш. Гӏалагӏазкхийн идеологаша Вертеповс, Ткачевс, нохчий а, гӏалгӏай а акха адамаш ду, бохура. Кхечо, и ши халкъ хӏокху махкара дӏадаккха деза йа хӏаллакдан деза, бохура.
Соьлжа-Гӏалахь арадолучу «Теркан мохк» («Терский край») газета тӏехь нохчийн, гӏалагӏазкхийн шира мостагӏалла марсадаккха гӏертара цхьа хӏуьнехдина Губарев. Шемал йийсаре лаьцначул тӏаьхьа шовзткъе кхойтта шо даьлла, амма нохчочуьнга хьалхалерра цабезам бу гӏалагӏазкхичун, бохура цо. Ткъа нохчий а шайн ширачу мостагӏашка санна хьуьйсу гӏалагӏазкхашка. Царна йуккъехь цкъа а машар ца хилла, хуьлийла а дац.