Думан председатела Хомяковс и лехам депутаташна бешначул тӏаьхьа, цунах лаьцна шена хетарг ала дош делира депутатана Гайдаров Ибрагимбекана. Хьалхарчу а, шолгӏачу а Думехь Теркан областерчу халкъашна тӏера депутат вара Эльдарханов Таьштамар. Хӏокху кхоалгӏачу Думе депутаташка кандидаташ хьалхатоттуш, йуха а Эльдарханов къастийра областерчу ламанан халкъаша. Амма кхузарчу хьолахоша чекх ца йалийтира цуьнан кандидатура. Теркан гӏалагӏазкхашна тӏера кхузахь депутат Лисичкин вара. Теркан областан ламанан халкъаш бехке деш меттигаш лехама тӏехь хиларна, цаьргахьа гӏодаккха Думехь церан депутат цахиларна, церан верасалла шена тӏелаьцнера Гайдаровс.
– Господа депутаташ! Кавказан администрацин белхан, гӏуллакхийн хьокъехь вайн шовзткъе берхӏитта депутато Думе беллачу лехамна тӏехь йаздинарш цхьадерш бакъ ду. Къаьсттана областийн, округийн, станицийн, йартийн урхаллашкахь шуьйра даьржина кхаьънаш эцар, озабезамаш, зуламхошца уьйраш, бехк-гуьнахь доцчу машаречу бахархошна тӏехь харцонаш лелор, царна эшамаш бар. Амма, господа депутаташ, со буххенца реза вац вайн коллегаша туземни халкъаш, къаьсттана нохчий, гӏалгӏай бехкебеш, сийсазбеш йалийначу пункташна. Нохчашкара а, гӏалгӏашкара а дӏадаьккхинчу уггар дикачу ах бӏе миллион десятина лаьтта тӏе охьаховшийна гӏалгӏазкхий. Оцу шина халкъехь лаьттан къелла йу. Шайн доьзалш хене баха рицкъа даккха йолах белхаш лоьхуш, империн массо маьӏӏехула буьйлабелла лела уьш. Церан ишколаш, больницаш йац. Царна йукъа дешар даржоран, церан могашалла ларйаран бала болуш цхьа а вац. Юридически бакъонаш дӏа а йаьхна, ӏедало законашна арахьа латтабо уьш. Нохчо, гӏалгӏа вийна гӏалгӏазкхи жоьпе ца озаво, таӏзарза вуьту. Экономически талийна, чӏанабаьхна уьш. Гӏалгӏазкхаша шайн лаамехь гӏуданаш доху йарташкара. Цундела нохчийн, гӏалгӏайн дегнаш оьгӏазе ду. Халчу хьелашка хӏиттийна уьш, оьздангаллех бохийна, акхабаьхна. Ӏедалан харцонаша, къизалло къоланашна, талорашна, цӏийӏанорна тӏетоьтту уьш. Цунна масал ду 1877-чу шарахь Нохчийчохь хилла гӏаттам а, тахана обарга Зеламхас ӏедална дуьхьал латто къийсам а.