Кавказерчу бусалба халкъаша цуьрриг а ца лечкъабо оьрсашка, гауршка шайн цабезам. Хонкар-махкаца вайн тӏом хиларе сатуьйсу цара. Тӏаккха, шайн мехкашкара оьрсий лаххьийна дӏа а лаьхкина, цхьаьнакхетта, йозуш йоцу бусалба пачхьалкх кхолла. Наместникана ца хаьа и къайлах болам хилар. Йа, ца хаьа, моттуьйту. Бусалба халкъийн коьртачу лидерех цхьаъ волу Казаналипов шен тӏома кӏел а воьллина, Христосан четахь санна, ларво цо. Делах санна, цунах теша наместник. Кхин цхьа гӏуллакх а аш тидаме эца лаьара суна, господа депутаташ. Кавказехь оьрсийн пачхьалкхана, оьрсийн ӏедална дуьхьал болх беш цигарчу халкъийн политически масех союз а, йукъаралла а йу. Эрмалойн культурах союз, гуьржийн культурах йукъаралла, бусалба халкъашна йукъахь серло йаржоран йукъаралла, кхиерш а. Уьш йерриг а оьрсашна, оьрсийн пачхьалкхана дуьхьал болх беш йу.
Трибуни тӏехь шена хьалха лаьттачу стаки чуьрчу хих ши къурд а бина, балдех кӏайн йовлакх а хьаькхна, йайн йовхарш а тоьхна, шен аз тодира Марковс:
– Амма оьрсийн пачхьалкхан идеяш а, оьрсийн мотт а, культура а йаржо кхоьллина цхьа а йукъаралла йац Кавказехь. Цигарчу къаьмнийн йукъара мотт оьрсийн пачхьалкхан оьрсийн мотт бац, господа, ткъа азербайджанийн, нийсса аьлча, Россин исторически мостагӏийн туркойн мотт бу. Цунна ас бехке ца до цигара бусалба халкъаш. Царна йукъахь туркойн, пантюркски, панисламски идеяш йаржораш церан лидерш бу. Кавказан администрацин чиновникаш. Уггар хьалха Цуьнан императорски воккхаллин штальмейстер, Воронцов-Дашковн аьтту куьг Казаналипов! Сан боккха лерам бу цигарчу халкъийн союзашка а, йукъараллашка а. Амма цара оьрсийн пачхьалкхана дуьхьал болх бо цигахь. Цара Кавказехь йаржораш керстанашна, оьрсашна, оьрсийн пачхьалкхана дуьхьал йолу туркойн идеалаш йу. Кхузахь бусалбанийн фракцин векал къайладаккха гӏоьртира Россерчу бусалбанашна йукъахь йаьржина панисламизмам идеяш хилар. Амма уьш йолуш а йу, жигара болх беш а йу. Панисламизман болам ӏаламат кхераме бу Россина. Пачхьалкхан Думо тидаме эца лаьа суна Россехь бехаш пхийтта миллион бусалбанаш хилар. Панисламизман идеяш цхьана кавказски бусалба халкъийн хилла ца ӏа.