Амма хӏетахь Россин коьрта гӏортор кхин йара Закавказьехь – оьрсашца цхьаьна керста динехь долу цигара гуьржийн а, эрмалойн а ши халкъ. Бӏешерийн дохалла царна тӏелетарш деш, церан йарташ, шахьарш йохош, талораш деш, адамаш йийсаре кхуьйлуш, и ши халкъ бӏарздина хьийзадора туркоша а, персаша а. Цундела оьрсашна а, туркошна а, персашна а йукъахь тӏом болабелча, и ши халкъ Россигахьа долура. Россина гӏоьнна дӏахӏитто регулярни эскарш дацара гуьржийн а, эрмалойн а, амма оцу тӏамехь уьш дуккха а шайн лаамехь оьрсийн эскарийн могӏаршка хӏуьттура, оьрсийн эскаршна коммуникацица а, материальни а гӏо дора, разведкехь болх бора.
XVIII бӏешеран шолгӏачу эхехь оцу шина халкъо догдиллира шайн маршонах. Къаьсттана бохамечу хьолехь дара гуьржийн халкъ. Цхьана агӏор, хаддаза туркоша тӏелетарш дора царна, гуьржийн мехкан цхьадолу дакъош дӏа а лецнера. Вукху агӏор, мехкаш а, олалла а къуьйсуш, даим дӏа вовшашца девнаш деш, тӏемаш беш, церан феодалаша кегийчу дакъошка декънера халкъ а, пачхьалкх а. Оцу хьелашкахь гуьржий, эрмалой шайн олаллин кӏел берзо кхаа агӏор царна тӏегӏертара Иран, Хонкара, Росси. Шина халкъана хьалха ши некъ хӏоьттира: йа шайн исторически мостагӏийн – бусалба туркойн, персийн – олалли кӏел дахар, йа шайца цхьаьна керста динехь йолчу оьрсийн пачхьалкхах дӏакхетар. Вукху шина пачхьалкхан олаллел Росси мелла а гӏоли хетта, цара и тӏаьххьара некъ къастийра. Тӏехула тӏе, Россис, ша туркошца а, персашца а Закавказье, Босфор, Балканаш къуьйсуш дӏа мел болабо тӏом, цигара керста къаьмнаш бусалбачу туркойн ӏазапах кӏелхьардаха, маршадаха болийна, олура.
Исторически кхиарехь хӏетахь феодальни заманан тӏегӏанехь болу азербайджанаш, шайн махка цхьакӏеззиг оьрсийн эскар гӏоьртича, йоцца, мелла дуьхьало а йина, Россин олалла тӏе а лаьцна, къарбелла, севцира. Вуьшта а оцу къомах ах Иран пачхьалкхехь дара.
Закавказье дӏалецира Россис, цигарчу халкъаша герзаца дуьхьало ца йеш, машаречу некъашца, йа вуьшта аьлча, церан коьртехь болчу феодалех цхьаберш кхерош, кхиберш дешех, даржех оьцуш, шегахьа а бохуш.