Оьрсашца цхьана динехь болу эрмалой а, грекаш а, цхьана динехь а, цхьана цӏийх а болу болгараш а, сербаш а бусалба туркойн ӏазапах маршабаха ӏалашо йолуш тӏом болийна ша, олура. Йа цкъа хьалха грекаш, болгараш, сербаш туркойн ӏедална дуьхьал а гӏовттабой, тӏаккха «керста вежаршна гӏоьнна» олий, туркошца тӏом болабора. Вуьшта аьлча, ша кхечу халкъийн мохк дӏалоцуш, уьш шен лолле дерзош, ша дӏа мел бо тӏом цивилизацина, культурина, исторически кхиарна тӏаьхьадисинчу оцу халкъашна йукъа культура, цивилизаци йаржо дӏалоцу ша, олура Россис. Ткъа варвараш аьлла Европехь цӏейаханчу бусалба туркойн пачхьалкхехь бехачу керста эрмалойн, грекийн, болгарийн, сербийн бакъонаш а, маршо а дуккха а алсам йара, ӏер-дахар дика дара шайн махкахь, шайн оьрсийн паччахьна, цуьнан ӏедална кӏел бехачу оьрсийн муьжгийчул. Импери чуьра кхидолу халкъаш-м хьовха, оьрсийн халкъ а къизачу ӏазапехь, лоллехь латточу оьрсийн паччахьна, правительствона, хьолахошна гӏенах а дага ца догӏура туркойн олаллина кӏелхьара керста халкъаш маршадаха а, царна маршо йала а. Лакхахь йийцинчу ӏалашонал совнаха, и халкъаш туркойн лоллера схьа а даьхна, шен лолли кӏел дерзо ӏалашо йара Россин.
Доцца аьлча, иштта мах хадийна Маркса а, Энгельса а Россин арахьарчу политикин. Ткъа цуьнан чоьхьара политика хӏумма а дикачу агӏор къаьсташ йацара арахьарчух. Хӏунда аьлча муьлххачу а пачхьалкхан чоьхьара а, арахьара а политика, вовшашца къастам боцуш, ши йиша хуьлу. Бӏешерийн дохалла оьрсийн халкъ къизачу лоллехь латтадора цо, кхечу халкъийн мехкаш дӏалоьцуш, импери шоръеш, чӏагӏйеш, цигарчу халкъашна тӏехь шен олалла хӏоттош, чӏагӏдеш, салтийн чоэш тӏедуьйхина миллионаш оьрсийн муьжгий хӏаллакбора, ахархойх, бежанех санна, йохка-эцарш йора, шен толлу жӏаьла мехала а, сийлахь а дара помещикана шен доларчу ахархочул.
Ткъа империна чохь дехачу кхечу къаьмнийн оьрсийн кӏеззиг йолчу бакъонех уьтталгӏа дакъа а бакъонаш йацара. Сибрехахь, Казахстанехь, Йуккъерчу Азехь, Кавказехь ша дӏалецначу латтанашна тӏе оьрсийн колонисташ, къаьсттана – гӏалагӏазкхий, охьаховшабора, уьш законашца а, бакъонашца а меттигерчу туземцел масех тӏегӏа лакха хӏиттабора.