– Хӏинццалц схьа хӏокху крайхь разбойникашна дуьхьал эскаран дакъоша а, полицис а латтийнарг къийсам бацара, иза лечкъаргех ловзар дара. Разбойникаша талораш дича, стаг вийча, орца олий, тӏаьхьабовлура, амма уьш шайн лаьмнашкахь къайлабевлча, йарташна таӏзар а дой, йухабоьрзура. Цундела ӏедалехьара шайна цхьа а тайпа кхерам боцийла хуу разбойникийн гӏеранаш, талораш деш, адамаш лечкъош, дойуш, де-дийне мел дели алсамйуьйлу. Вайн декхар ду, уьш лаьттах боьлча а, стигала бевлча а, царна тӏаьхьара ца довлуш, уьш а, царна гӏо деш, уьш къайлабохуш, царна тхов луш, кхача луш болу нах а, цхьаъ дийна ца вуьтуш, байъина дӏабахарца, хӏокху крайхь машар а, синтем а хӏоттор. Кхетий шу, цхьа стаг ца вуьтуш, къинхетамза хӏаллакбар? Оцу разбойникийн масех тӏаьхьенах стагана къола, талор дан, стаг вен дагадеача, шайн ворхӏалгӏачу йа уьтталгӏачу дена вай дина таӏзар дага а деана, цуьнан кӏожан пха тохабалийта! Адамашна зуламца бале ваьлла стаг Делан бекхамах, таӏзарх кӏелхьарвер воцийла хаийта! Вайн ӏалашо ваьш дийна а дуьсуш, разбойникаш хӏаллакбар йу. Нагахь санна разбойник йа разбойникаш цхьана гӏишло чу къовлабеллехь, ойла ца йеш, хьайба санна, маӏашна тӏегӏерта ца оьшу. Гӏишлойн неӏаршна а, корашна а дуьхьал а йоцуш, агӏонашца позици лаца йеза, цара шайна схьатоьхнарг кхетар а йоцуш, аш дӏатоьхнарг царна кхетар а йолуш. Цхьа неӏ йа кор маьрша дита деза, разбойникаш бовдийта, ара мел иккхинарг тоьхна ӏункар вахийта. Нагахь санна оцу мекарлонех уьш ца ӏехалахь, гӏишлонан цхьа агӏо шайн герза кӏел а лаций, вукху агӏонах цӏе таса. Кӏуьро садукъийча, цӏаро батта боьлча, чуьра аралелхар бу. Амма вайн гӏуллакх тӏехь уггар коьртаниг топ нийса тохар ду. Ахь нийса топ тохахь, мостагӏ вуьйр ву, ткъа ахь гал тохахь, цо хьо вуьйр ву. Цундела отрядерчу хӏора салтичо шена топ караерзо йеза, муха, мича тоха, ӏамо деза. Мостагӏ лечкъина велахь а, ӏуьллуш велахь а, ведда водахь а, говрахь, дитта тӏехь велахь а, лен волччу тоха йеза. Топ, тур-шаьлта караерзо, цхьамза тоха, мар-мара вахана лата леррина цхьана-шина кӏиранах ӏамор бу салтий. Иза сайн гӏоьнчина штабс-капитанна Григорчукана тӏедуьллу ас.