Лекхачу дегӏара, шуьйра белшаш, йуткъа гӏодайукъ йолуш, ӏаьржачу аматахь, боккха мара а, хаза тодина ӏаьржа месала мекхаш а долу и эпсар майра а, доьналле а, шен декхарш дика кхочушдарца цӏейахана а вара областехь.
– Базарна го лаьцна! Массо а шайн-шайн меттахь совца! Герз долчо, дуьхьало ца йеш, схьало! Топ, тапча, тур шаьлта. Дуьхьало йинчунна а, вада гӏоьртинчунна а герз тухур ду! – мохь беттара цо, ша йолччохь говр дӏаса а хьийзош.
Цунна уллохь лаьттачу гӏумкичо штабс-капитана Томаевс гочдора Ардабьевскийн омра.
Салташа а, гӏалагӏазкхаша а шайн болх дӏаболийра. Йукъах йихкина шаьлта йолчо, схьа а йаьстина, схьайаллалц ца ӏаш, цуьнан коьртах шед, букъах йа некха тӏе тоьпан бух тухура. Тоьпаш, тапчанаш лоьхуш, ворданаш тӏера докъар кегадора, галеш чуьра йалта хоттала охьаӏенадора. Зударийн догӏмех хьийса боьлча, цхьаболу нах дуьхьало йан буьйлира. Салташа тоьпийн баххаш деттара, ткъа гӏалагӏазкхаша шодмаш а, аьрташха тарраш а деттара нахана. Гобаьккхина хезара салташий, гӏалагӏазкхаший нанна хьежош йаппарш а, зударийн маьхьарий а, цӏогӏанаш а. Базар уьйриг хилла хьийзара. Вийна йа чов хилла охьавоьжнарг цхьаммо а тергал ца вора. Уьш хьоьшуш, царна тӏехула лелара адамаш а, говраш а. Хӏоьттинчу хьоло кхерийна базарара даьхни а, говраш а, машшаш, дуьрстанаш хедош, аренга дӏауьдура.
Кхузахь адамийн маьхьарий а, дуьйлу герзаш а хезна, говрахь схьаиккхира дато бустамаш долу сийначу исхаран чоа а, боьмаша холхазан лекха куй а болуш, йукъах йихкина детица кхелина шаьлта а, револьвер а йолуш, шовзткъе итт шо хенара куьце нохчо. Бӏаьргашца эпсар а лехна, хорунжина Яицкийна тӏевахара иза.
– Хӏара хӏун ду, господин эпсар?
Хьаьжайукъ а хабийна, маларо цӏийдина бӏаьргаш нохчочунна тӏедуьйгӏира хорунжис.
– Ткъа хьо мила ву?
– Хӏокху йуьртан старшина ву со.
Хорунжийн муцӏар, велаваларх тарлуш, разйелира.
– Старшина ву хьо? Жухарг йу-кх, хьо ма-йарра! Хьо старшина хилча, кхузахь хӏара разбойникийн базар хӏунда латтайо ахь? Урядник! – Маж а, корта а йаьллачу, чанах терачу гӏалагӏазкхичуьнга кхайкхира иза. – Урядник Тонкогубов! Герз схьадаккха оцу разбойникера!
Чоьже когийн кӏажаш а таӏийна, йуьртдена улло говр тесира урядника: