– Дац дера-кх, адамаш ма ду уьш, разбойникаш хиллехь а.
Йуьртда реза воцуш дӏахьаьжира штабс-капитане.
– Сан цхьа дехар ду хьоьга, старшина. И декъий дӏадахьа гергарнаш схьабаьхкича, оцу кхааннан фамилеш, цӏерш, муьлхачу йарташкара хилла а, хаахьа. Уьш разбойникаш хилар чӏагӏдеш, документаш дезар ду вайна.
Цецваьлла йуьртда, цхьана йукъана бага экъантӏа а йаьлла висира.
– И сан декхаршна йукъадогӏуш дац, господин эпсар.
– Хьан махка тӏехь ма байъина уьш.
– Хӏара сан мохк бац. Йуьртана а, станицина а йуккъера мохк бу. Хилларг къастор округан начальникан а, пурстопан а, полицин а декхар ду. Сайн йуьртах жоп делчахьана волу со.
– Дика ду. И документаш пурстопа хӏиттор ду. Ахь, тоьшалла деш, царна тӏе хьайн куьг йаздан ма деза.
– Аьттехьа а вогӏур вац, – сацам боллуш корта ластийра йуьртдас. – Кхуза базара дукха адамаш догӏу. Нохчийн массо йарташкара а, гӏалагӏазкхийн станицашкара а. Россера, Дегӏастанара, Азербайджанера, Иранера. Массо а маьӏӏера. Суна хӏун хаьа, уьш хӏун адамаш ду? Йуха а боху ас, сайн йуьртах жоп делчахьана волу со. Аш, оьрсаша, олуш ма-хиллара, шаьш кегийна худар шаьш даа!
Хӏокху Делан мостагӏаша кхузахь тахана хӏоттийнчу къематдийно а, цхьа ах сахьт хьалха, бугӏанаш санна, ондачу кхаа гӏалагӏазкхичо йетташ, ша сийсазваро а оьгӏазвахийтина, декъашна а, шен йуьртарчу баккхийчу нахана а тӏевогӏуш, говрара чувосса вицвина йуьртда, эххар а саметта веана, говрара чу а воьссина, нахана тӏе а вахана, царна гӏо дан вуьйлира.
Хӏара тахана хӏоьттинарг а доцуш, кхечу хьелашкахь Ардабьевскийс кхин мотт буьйцур бара оцу нохчочуьнга. Ткъа хӏокху гӏуллакхан тӏаьхьалонах вогучу цо, хала садетташ, машаре къамел дира цуьнга. Амма иза эрна хилира. Ткъа, кхерийна, ша тӏеверзалург цахилар нохчочо хаийтинера.
«Цхьа де догӏур ду, ас кхечу агӏор хьоьца къамел деш!» – аьлла, агӏор туйнаш а кхоьссина, йаппарш йеш, говр чабола а йаьккхина, майданара дӏавахара штабс-капитан.
…Ардабьевскийна хьалххе дуьйна гина тӏаьхьало хилира хӏокху гӏуллакхах. Газеташа, орца доьхуш, йоккха гӏовгӏа йаьккхира. Нохчийн интеллигенци а меттахйелира.