– Валлахӏ Делора, вай бакъдерг дийцича, и сардал цхьана агӏор бакъ ма луьй!
– Дала бохург а, пайхамара аьлларг а керстанаша вайна дуьхьал детташ хилча, ваьш мича кхаьчна-те аьлла, ойла йан ма йезара вай!
– Галдевлла, ийманах доьхна!
– Цкъа ладогӏа, нах!
Нехан гӏовгӏанаш дӏатийча, омра кхидӏа деша вуьйлира ӏабди.
«…Хууш ма-хиллара, йовха хан тӏекхаьчча, зуламаш алсамдовлу. Цундела оцу зуламех а, зуламхойх а шаьш маршадовла дезаран хӏинцце дуьйна ойла йан йеза бахархоша. Бахархошна машаре, синтеме дахар кхолла, махкара зуламаш орамашца бухдаха таханенна цкъачунна тхайгахьара хӏара ӏалашонаш хӏиттийна оха:
1. Лакхарчу ӏедале ас бакъо йехна, зуламхой а, церан гӏоьнчий а шайн доьзалшца хӏокху махкара дӏа а баьхна, Сибрех, Йуккъерчу Азе, аьчганекъана гена меттигашка кхалхо.
2. Эскаран старшинана Вербицкийна лерринчу инструкцица тӏедиллина ша куьйгалла дечу ханна таллархойн отрядаца Хаси-Юьрта, Ведана, Соьлжа-Гӏала, Несара округашкара герзашца кечйелла разбойникийн гӏеранаш схьалецар йа хӏаллакйар.
3. Меттигерчу администрацешна тӏедуьллу хӏара омра а, Вербицкийна йелла инструкци а бахархошка дӏакхайкхор а, уьш кхочушйан дуьхьало йинчу къаьст-къаьстинчу нахана а, дийнна йарташна а луьра таӏзар дийриг хилар дӏахаийтар а.
Со чӏогӏа дегайовхо йолуш ву тӏеман гӏуллакхехь дуккха а зеделларг долчу эскаран старшинас Вербицкийс шена тӏедехкина сийлахь а, жоьпалле а декхарш доггаха а, жигараллица а кхочушдийриг хиларх. Цул совнаха, иштта сан дегайовхо йу сайн куьйгаллина кӏелхьарчу меттигерчу администрацин коьртехь болчу наха хӏара гӏуллакх кхочушдеш бертахь, жигара дакъалоцург хиларх а. Берриг а бахархошка, хӏокху мехкан кхолламан бала болчу, иза зазадоккхуш кхиа, бахархой машаре, синтеме баха луучу хӏора стаге а кхойкху со хӏара ӏалашо кхочушйеш суна гонаха ваьштатаӏарца сайна гӏо даре. Вай вовшех кхетарх а, вовшашна гӏодарх а дозуш хир ду ас хьалхахӏоттийна ӏалашо кхочушйар, зуламе обаргалла, орамашца хӏаллакдина, дӏадаккхар а, областехь машар, синтем хилар а…