берриг а бохамашна бехке. Цаьрга, сан санна, боккха цабезам хир бац шун цхьаьннан а, цхьана а нохчочун а. Сайн ницкъ белхьара, хӏокху махкара паччахьан ӏедал дӏадоккхур дара ас, паччахь а, хьоладай а берриг а бойур бара ас. Амма ницкъ бац соьгахь а, нохчийн халкъехь а. Вешан дайн, нанойн, йижарийн, вежарийн, кӏентийн чӏир йоькху, оьрсех бекхам оьцу, маршо йоккху бохуш, леташ, хӏаллакьхуьлуш ду нохчийн къам. Хенан йохалла дебаш дац вайн къам, лахлуш, кӏезиг хуьлуш ду. Чов кегош, дарйеш хила ца деза, иза йерза йита йеза. Делан цхьа де хир ду керстанан балех вай маршадаха тоьхна. Ткъа оцу къоланаш, талораш, кхин зуламаш дечу наха вайн халкъана диканиг ца до, цара керл-керла бохамаш бо. Уьш Делан дуьхьа а, бусалба динан дуьхьа а, халкъан дуьхьа а ца лела. Сутаралло арабаьхна лела уьш. Шаьш бахьана долуш халкъана бохам хиларх, шекбовлуш бац уьш. И нах совца безара, йа халкъо совцо безара. Ткъа вайн йуьртах дерг аьлча, Доша а, Хьомсуркъа а, церан доьзалш а хӏокху йуьртара дӏабевлла. И ши стаг къола деш, талораш деш ву бохуш а, ца хезна вайна. Йуьртахь долу герз а хьалха дӏаделла наха. Цундела, Саьӏад, хӏокху йуьрта салтий багӏахь, цаьрца дерг ахь, йуьртана зен-зулам ца хуьлуьйтуш, дӏадерзо деза. Иштта хета-кх суна. Кхин бегӏийла дерг хуучо ала мегар ду.
– Кхин тӏетоьхна ала хӏумма а дац. Саьӏад, хьо йуьртда ву, ахь жоп ло йуьртах. Хьуна тӏедуьллу оха ӏедалца дерг машаре дерзор.
– Дера, Аьрсамирза, хӏокху йуьртан дуьхьа са дӏадала а хала ма ца хетара суна, шайна диканиг дича, нахана хаахьара…
– Диканиг дича а, вониг дича а хаьа. Нах а бац сонта.
– ӏела бакъ луьй, мацах цкъа хилларш, лелларш карладохуш, кӏамдеш, чевнаш дарйан ца йеза, йерзийта йеза. Вайн къомана машар оьшу.
– И къуй, талорхой халкъе совцалур бац, ӏедало совцо беза!
– Бехк-гуьнахь доцу миска нах, зударий, бераш ца хьийзош!
Делкъе йанза а, цӏахь гӏуллакхаш долу а нах, цхьацца-шишша тобанашка а бекъабелла, майданара дӏасабевлира. Шайн йуьртахь обаргаш а, къуй а, талорхой а бацахь а, герз хьалххе дӏаделлехь а, уьш сингаттаме бара. Йуьрта баьхкича, нахана цхьа бохам ца беш дӏагӏур бац салтий а, гӏалагӏазкхий а. Уьш шаьш ма бу уггар боьха, уггар къиза талорхой…