Зеламхас вен кхел йинарг, иза даржера а, оцу махкара а дӏаваьлча а, иза миччахь велахь а, вала веза.
Профессор П. И. Ковалевский
Йиллинчу меттиге Вербицкий вогӏур вац Деналбека аьлча, бакъ ца моьттура Зеламхина. Атамана атталла лата меттиг а ца йиллира. Зеламхас йиллинчу меттиге а ца веара. Махкана хьалха Зеламха сийсаз а вина, ша майра а, турпал а хилла, кӏилло пхьагал санна, дӏатаьӏира.
Амма Зеламхин бакъо йац цо шена дина эхь бекхам ца оьцуш дита. Массо а маьӏӏехь Вербицкийна тӏаьхьадаьхна бӏаьргаш а, лергаш а ду цуьнан. Цкъа Вербицкий цӏерпоштаца Буритӏара схьа Соьлжа-Гӏала вогӏу аьлла, хаам кхаьчча, шен духар а хийцина, цхьацца йохка хӏуманаш тӏе а йехкина, стерчийн ворданахь цига станце а вахана, кхаа дийнахь цига йогӏу цӏерпошташ теллира цо. Амма Вербицкий ца веара цхьана а цӏерпоштаца.
Цкъа хаам кхечира Зеламхе, цуьнан мостагӏ Соьлжа-Гӏаларчу «Франция» отелехь дууш-молуш, кехатех ловзуш, сакъоьруш ву аьлла. Буьйсанна цига а вахана, Вербицкий араволу тергалвеш Зеламха ӏаш, цунна тӏевеара Деналбек.
– Дала хьуна тӏекхачий-кха со, ахь цхьа доьхнарг дале, – хьуьхьвоьлла садоьӏура Деналбека. – Вало, чехка дӏавала кхузара!
– Хӏунда? И кхахьпа дийна бен, кхузара дӏавер вац со!
– Кхузахь билггал иза вуйла, цхьанна а ма ца хаьа. И полицейскийш, жандармаш ца го хьуна? Схьавало, чехка дӏавала кхузара! Хьо кхузахь ву аьлла, хезна веана со! Же, ма ӏе!
– Ца вогӏу со!
– Хьайн устазан Кишин-Хьаьжин дуьхьа, ас аьлларг дехьа!
– Остопируллахӏ! Ма вон веана-кх хьо кхуза!
Ша а витина, Деналбек дӏагӏур воцийла хуу Зеламха, цунна тӏаьхьа а хӏоьттина, дӏавахара. Баккъал аьлча, Вербицкий оцу отелехь ву аьлла, цуьнга кхаьчна хаамаш харц хила а тарлора. Йа Зеламха кхуза вале дӏавахана хила а тарлора. Буьйса йукъал тӏех ма йаьллера, Зеламхас иза ларвеш.
Ши де хьалха хаам кхаьчнера Зеламхе, цуьнан мостагӏ тахана Гуьржийн Бӏо-некъахула Тифлисе воьду аьлла. Ӏуьйранна сатоссуш, шеца итт накъост а волуш, Дарьялан чӏожа схьакхаьчна иза, кхузахь, Теркйистехь, кӏелонна хиъна ӏара. Хӏара гуьйренан хьалхара бутт белахь а, къеггина малх хьаьжна, де довха дара.