– Дала ларвойла иза дечух! Дала сайна делларш ду ас лелораш! – буйна а къевлина, маж дӏасаозийра мозгӏара.
– Теша со. Шу кхоъ дӏагӏо.
Коьртахь кӏайн шляпа а, тӏейуьйхина кӏайн-ӏаьржа моханаш йолуш костюм а, беха буьхьигаш болуш мачаш а йолуш, халла хаалуш бухь сеттина, йуьхь тӏехь цхьа а чо боцуш волу стаг цхьа гӏулч тесна хьалхавелира.
– Господин Зеламха, со Вербицкий а, йа оьрси а вац. Француз ву со. Циркан артист. Фокусник. Машен тӏехь йисина ши йоӏ сан ассистенташ йу. Хьажал, сан говзалла хӏара йу!
Дуьлуш санна, вовшех а хьакхийна, цо куьйгаш схьадиллича, керайуккъехь хӏоа дара. Тӏаккха тӏе а вахана, и хӏоа цхьана обарган кисанара схьаийцира цо. Йаьсса шляпа обаргашна дӏа а гайтина, бертал йиллина, тӏехула куьг а хьовзийна, схьа а эцна, цунна чуьра бес-бесара, тӏаьхье ца хедаш, ленташ схьадаха вуьйлира. Тӏе а воьдуш, цхьана обарган кисанара хӏуманаш кхечуьнан кисанара а, четара а схьайохура. Обаргийн маьхьарий оьхура:
– Остопируллахӏ!
– Делан болх бу-кх!
– Бозбуанчалла!
Иза шена дуьххьара гуш делахь а, ша мел цецваьллехь а, иза ца хоуьйтуш, цуьнга лерина хьоьжура Зеламха. Артистана баркалла а аьлла, букъах куьг тоьхна, дӏахьажийра цо.
Хӏинца цхьаъ висинера пхеаннах.
Куьцечу дегӏахь, цӏена маж-мекх даьшна, горго йуьхь йолуш, шовзткъа шо гергга хенара безамехь стаг вара иза. Тӏехь ӏаьржачу исхаран костюм а, коьртахь фетран ӏаьржа шляпа а, когахь ӏаьржа туфлеш а йара цуьнан. Аьрру пхьаьрсах тесна кӏайн плащ, каралаьцна, ӏасанан санна, хьаьвзина мукъ болу ӏаьржа четар а. Кхузахь хуьлуш дерг боккхачу тидамца тергалдеш, вист ца хуьлуш, йуьстах хӏоьттина лаьттара иза.
Иза Шаляпин Федор вара.
Зеламхин дахарх, хьуьнарех лаьцна дуьйцуш хезнера цунна. Зеламхас Пачхьалкхан Думе йаздина кехат а дешнера цо газет тӏехь. Буритӏа кхаьчча, цунна хиира, Вербицкий коьртехь а волуш, Зеламхина тӏаьхьа толлуш, таӏзархойн йоккха отряд хилар а. Вербицкийс цуьнга йаздина оьзда доцу кехат а дешнера цо, хӏинца Зеламха и шен мостагӏ лоьхуш хилар а хиънера.