Хӏокху шарралц тоба жима йара Зеламхин. Алсам накъостий цакарор а дацара иза. Цунна ца оьшура йоккха тоба. Накъостий алсам хилча, хала хир дара шайна тӏаьхьа толлучу паччахьан эскаршца къийсам латто а, царна тӏелета а, оьшучохь кӏелхьардовла а, къайладовла а. Цул совнаха, тобане дукха нах тӏеэца воьлча, цаьрца йамартхой, ӏедалан къайлах агенташ нисбаларна а кхоьрура. Цкъа шен агент цуьнан тобанна йукъа нисван гӏоьртира ӏедал. Ша тобане тӏеэцахьара аьлла, веаначу цхьана стагах шеквелира Зеламха. Соьлжа-Гӏалин округан начальник подполковник Стрижев а вийна вагӏахь, ша тӏеоьцур ву хьо аьлла, иза дӏахьажийра Зеламхас. Иза кхин гучу ца велира.
Хӏетахь дуьйна шен тобане вогӏу хӏора а стаг, массо а агӏор теллина, зийна бен, тӏе ца оьцура Зеламхас. Къуй а, талорхой а шена аьттехьа а ца буьтура. Ӏедалан хьаькам вийнарг, йа ӏедало да, ваша, гергарниг вийнарг, йа каторгера ведда цӏавеанарг, йа ӏедало бехк-гуьнахь а доцуш бӏарзвина хьийзориг, йа ӏедало халкъана тӏехь латто ӏазап, къизалла, харцо ца лайелла, цунах бекхам эца чӏагӏо йинарг – иштта нах бара Зеламхас шен тобане оьцурш.
Хӏокху шеран бӏаьстенан йуьххьехь дуьйна, областера берриг а тӏеман ницкъаш шена тӏаьхьа а баьхна, ӏедал халкъ хьийзо доьлча, цунна дуьхьало йан шен тоба стамйан дийзира Зеламхин. Хӏинца дукха бара цуьнан байракха кӏел хӏитта луурш. Вербицкийн таӏзархойн отрядо гергара нах байъинарш, лецнарш, зударий сийсазбинарш, керташкара бахамаш талийнарш, цӏенош дагийнарш. Нохчий а, гӏалгӏай а. Къаьсттана дукха – гӏалгӏай. Хӏетте а,0 Зеламхас лерина толлура шена тӏевеана хӏора а стаг, иза муьлхачу тайпанах ву, муьлхачу гарах, цӏийнах ву, иза шена тӏеваран бахьана хӏун ду. Тӏаккха ша резаволчуьнга Къуръан тӏехь дуйнаца чӏагӏо йойтура массо а агӏор накъосташна тешаме хила.
Иштта, 1909-чу шеран аьхка Зеламхин байракха кӏел масех бӏе обарг вара. Берриг а бацара уьш герз карахь Зеламхин операцешкахь дакъалоцуш. Цхьаберш цуьнан разведчикаш бара. Цхьаболчара цунна а, цуьнан накъосташна а, церан доьзалшна а къайлабовла тешаме меттигаш латтайора, уьш кхерамах ларбора. Кхечара обаргашна герз, духар, кхачанан сурсаташ латтадора.