Хӏун йу Нохчийчоь? 250 эзар ламанан аьрзунан бен бу иза. Ша вайн цхьана уезддал йу иза, амма чувала меттиг боцуш, чӏагӏйина гӏап йу иза…
Профессор П. И. Ковалевский
Зуламхойх, авантюристех, цӏа-цӏе доцуш бевлла лелачу нахах а, маларчех а вовшахтоьхначу таллархойн ханна отрядан ницкъ ца кхечира шена хьалха хӏиттийна декхарш кхочушдан. Цара йарташ талайора, бехк-гуьнахь доцу нах бойура, лоьцуш, набахтешка кхуьйсура, амма Зеламха а, цуьнан обаргаш а байа йа леца ницкъ ца тоьура. Оцу тӏехь вегира, йуьхьанца халкъан турпал вина, хестийна атаман Вербицкий.
Теркан областан а, Кавказан а администрацис кхин тактика, кхин стратеги лоьхура. Иза а, важа а каро царна гӏо дира гӏалгӏаша вийначу Несара округан начальникан полковникан Митникан метта хӏоттийнчу Андронниковс.
Полковник Андронников гвардин эпсар вара. Хиллера. Амма кхузахь цхьанна а ца хаьара иза гвардера мукъаваккхаран бахьана. Дукхахьолахь, гвардера дӏабоху эпсарш йа маларе марзбелларш, йа кехатех ловзурш, йа кхахьпалла лелораш, йа эскаран долаллина къола динарш, йа доцца аьлча – оьздангаллех боьхна эпсарш хуьлура. Суьдах кӏелхьарваккха лакхахь гергара хьаькамаш, доттагӏий берг кхечу эскарехь гӏуллакх дан вуьтура. Иштта суьдах кӏелхьарваьккхина, Кавказерчу эскарехь гӏуллакх дан кхуза хьажийнера эла Андронников.
Иза кавказхо вара. Кавказхо хилла а ца ӏаш, нохчийн, гӏалгӏайн лулахо, гуьржи вара иза. Цунна дика хаьара ламанхойн гӏиллакхаш а, амалш а. Зеламхина а, цуьнан обаргашна а хӏун дийр ду ца хууш, областан администраци бӏарзйелла хьийзаш, оцу балех иза кӏелхьарйаккха шена некъ карийна аьлча, инарла Михеевс воккхавеш тӏеийцира эла.
Граф Лорис-Меликов Теркан областан начальникан даржера дӏаваьллачул тӏаьхьа ткъе итт шо хан йаьллехь а, оцу хенахь хӏокху даржехь масех стаг хийцавеллехь а, амма областан начальникан кабинета чохь хӏара бу ала хийцамаш ца хиллера. Хӏетахьлера бустамаш даьхна когаш долуш, тӏехула баьццара исхар тоьхна шуьйра, йеха стол. Иштта бустамаш дохуш хаза кечдина, лекха гӏовланаш а, кӏеда миндарш а долуш гӏанташ.