– Баркалла, эла, сан цхьа а тайпа шеко йац хьан лаам цӏенчу даггара хиларх.
Бӏаьста а, аьхка а, хьаннашкахь дитташ тӏехь гӏа долуш, операци йар хьехочохь а дацара. Оцу хенахь массо дитт а, колл а шатайпа чӏагӏо йара обаргашна. Цундела дитташ тӏера гӏа доьжначу, хьаннаш йерзина йевллачу хенахь генеральни операци йан кечам бира областан администрацис. Кавказан наместникаца барт хилира Михеевн.
1910-чу шеран 25-чу сентябрехь Зеламха къайлаваьллачу меттигашка, ӏасса хин лакхенга а, Жайрах чӏожахула хьала а, йеа агӏорхула эскарш тӏететтира. Буритӏара схьа – Апшеронски полкан рота а, саперийн взвод а, Веданара а, Соьлжа-Гӏалара а схьа – дегӏастанхойн дошлойн бӏо а, полицин дошлойн бӏо а, пулеметийн рота а, Ширвански, Самурски полкийн ши рота а. Тифлисера схьа Тионетски уезде гренадерийн батальон хӏоттийра, Телавера схьа Маьлхаста йалийра драгунийн эскадрон а, цӏеххьана миччахьа а кхосса лерина отряд а, пурстоп коьртехь стражникийн, полицин отрядаш а.
Зеламхин жимачу тобанна дуьхьал операцехь дакъалоцуш ши эзар сов салтий, гӏалагӏазкхий, суьйлий, гуьржий бара, шайца цхьаьна пулеметаш а, ламанан масех йоккха топ а йолуш…
Йалх шо дара Зеламхин доьзална шайн йурт Хорача ганза. Цо тоххара дог диллинера цунах. Цхьа Делан къинхетам хилла, йуьрта дирзича а, кӏелхӏотта тхов а ма бац церан. Цӏенош а, гӏишлош а йогург йагийна, цайогург йохош, херцийна стражникаша. Бешана гонахара керт а ширйелла, кӏез-кӏезиг херцаш, охьа а йеттайелла, йахкайелла. Дола дан да воцуш йисина беш а къух даьлла лаьтта. Цхьадолу стоьмийн дитташ а, хӏокхаьргарчу балин чӏир кхобуш санна, дакъаделла. Церан долахь хилла даьхни а цхьадерш доьхкина, кхидерш гергарчарна дӏадекъна. Церан цӏенош хиллачохь лаьтташ кӏуьрзо, куьрк санна, ӏарждина пенаш бен дац, боху.
Ткъа хӏара бархӏ адам – ши зуда а, йалх бер а – нехан хӏусамашкахь буьйсанаш йохуш, сагӏадоьхургаш санна лела. Дера, хӏорш тӏебуьссу, хӏорш тӏелоцу хӏусамдай дика адамаш ма ду. Хӏокхарна там бан ма гӏерта уьш. Шаьш ца буий а, хӏокхарна тоьлла кхача латто, шаьш цӏенкъа буьйший а, хӏорш кӏедачу метта охьабийшо ма гӏерта. Хӏокхеран бераш хьоьсту.