Масех шарахь гучу ца ваьллера оцу ахчанах йамартлонца Зеламха вохка реза волуш стаг. Халкъана ца лаьара шена тӏехь ӏедало латточу къизаллина, харцонна, ӏазапна дуьхьал ӏедалх бекхам эца гӏеттина кӏант вохка. Халкъо, мелхо а, ларвора иза. Йамартхой шортта бара нохчашна йукъахь. Амма уьш кхоьрура Зеламха вохка. Хаьара, шаьш йина йамартло халкъах къайлаер йоцийла. Тӏаккха, цкъа-делахь, ша дийна висахь, Зеламхас а, иза вийча, цуьнан накъосташа а шайх луьра бекхам оьцург хилар. Шолгӏа-делахь, шайна а, шайн тӏаьхьенна а халкъо бӏешерийн дохалла неӏалт кхайкхор дуйла а.
Амма цхьацца адамаш хуьлу ахчанан, дуьненан хьолан йа хастаман дуьхьа, бӏаьрнегӏар ца тухуш, шайн да-нана, вежарий, зударий бухкур болуш. Уьш Делах а, халкъан неӏалтах а ца кхоьру. Цара шайн доьзалан, тӏаьхьенан ойла а ца йо. Ахчано, хьоло, хастамо эс дӏаоьцу церан, бӏаьрзе бо. Ишттачарех вара гӏалгӏайн махкарчу Даьттах йуьртара схьаваьлла Зеламхин накъост Юсуп. Дукха хан йара Зеламха цуьнан шина бӏаьргах ца теша. Делахь а йамартло йина, гучу ца волура иза цкъа а. Юсупа ӏедалца барт бира оцу берхӏитта эзар соьмах шен баьчча, бӏаьхаллин накъост Зеламха вен. Амма цуьнан аьтто ца нисбелира и йамартло кхочушйан.
Юсупа, мотт баьхьна, йамартлонца лацийтира хамхойн а, цӏоройн а шина тайпанах Зеламхин виъ накъост – Эдалгери, Мохьмад, Азамат, Мута-ӏела. Андронниковс шен штабехь цаьргара лем оьцу кхо де дара. Веаннан куьйгаш, букъа тӏехьа тӏекӏел а дехкина, машшашца къевллина дихкинера, ткъа когаш, волавала паргӏато йуьтуш, бехо бихкинера. Йиттина ӏаржйинера йаххьаш.
Андронниковс хӏора дийнахь хоьттург а, веаммо ло жоьпаш а цхьаъ дара.
– Зеламха мичахь ву?
– Зеламха цхьанхьа ца соцу, иза массанхьа а ву…
– Цуьнан доьзал мичахь бу?
– Хаац. Иза цхьана меттигехь ца буьту цо…
– Дийца, мичахь ву Зеламха а, цуьнан доьзал а? Ас дӏога диттан гах хьалауллур ду хьо, гирзе жӏаьла!
Цхьацца лебора уьш. Массо а тайпа мекарлонаш лелош, хӏорш ӏехо а гӏертара. Цара Зеламха а, цуьнан доьзал а болу меттиг ца йийцича, нал санна ондачу шина гӏалагӏазкхичо йеттара коьртах, чоьже, чукӏеле. Дуьххьара лем оьцуш, куьйгаш а дихкина, когаш маьрша битинера церан.