– Дика ду, дакъаделла йешап! – муцӏар разйаьккхина, пӏелг ластийра Андронниковс. – Ас Буритӏа а дигна, хьайн херсешца набахти дуллур ду хьо, зуд! Цигахь месаш лаьцна, текхо йоьлча, багара мотт схьаийзо боьлча, цхьацца йоккхуш, цергаш схьайаха йоьлча, цӏийдинчу эчигца хьайн дегӏ марца доьлча, тӏаккха дуьйцур ду ахь, Зеламха мичахь ву!
Оьгӏазвахана Андронников, вехьаш, чухула дӏасалелаш, чувеанчу гӏалгӏачо Дауд-Герис сени чу ваьккхира иза.
– Хьан сийлалла, Зеламха мичахь ву, хиъна тхуна!
– Мичахь ву?
– Хевсуретин дозанашкахь!
– Разбойникаш дукха буй цуьнца?
– Пхиъ ву. Йолхалгӏа – пхийтта шо хенара цуьнан ваша а. Амма цига ваха кхераме ду, хьан сийлалла…
– Хӏунда?
– Кӏело а йина, хьан отрядана зенаш ма дахьара цо…
Андронников, ца вешаш, велавелира.
– Цуьнан берриг а разбойникаш хир белара цуьнца! Цхьана тохарца уьш берриг а хӏаллакбан! Баркалла хьуна, Дауд-Гери. Ахь хаза кхаъ беана суна. Оха йал йоцуш вуьтур вац хьо!
Векхавелла чу а веана, Бецина тӏевирзира иза:
– Хезий хьуна, зуд? Тахана-кхана хуур ду суна, хьан Зеламха мел къонах ву! Цуьнан зуда а, бераш а ас йийсаре лецна. Зуда йигар мел доккха эхь ду ламанхочунна! Шу соьгара схьа ца дахахь, коьртахь куй лело бакъо йац цуьнан! Ша боьрша велахь, шен зуда а, бераш а схьадаха вогӏур ву иза! Тӏаккха ас, хьовззийна, схьалоцур йу и стешха чагӏалкх!
Гӏалгӏачо ца гочдира цуьнан дешнаш, амма Бецина хиира цо хӏумма а диканиг ца аьллийла.
Шина зудчо бакъдерг дуьйцург хиларх дог а диллина, Хевсуретин дозанашкахь операци йан кечам бан вуьйлира Андронников. Саперийн взводан начальник поручик Афанасьев шена тӏекхайкхира цо:
– Кхана ӏуьйранна исс сахьт долуш, лаьмнашка хьала новкъа йер йу отряд. Амма вай кхузара дӏадовлале ахь кхочушбан безаш цхьа болх бу. Сан лазутчикаша хаам бина, Зеламхас шен разбойникашца Нелхехь а, Эрштахь а масех буьйса йаьккхина аьлла. Цигара бӏаьвнаш а, уггар дика цӏенош а лелхийта деза ахь. Ши тӏулг тӏекӏел ца буьтуш.
Шолгӏачу дийнахь, ӏуьйранна исс сахьт даьлча, кхузара меттахйелира отряд. Беци а, Зезаг а отрядана йуккъе хӏоттийра. Ахьмад а, ӏумар-ӏела а Бецин, Зезаган гихь вара. Важа диъ бер лайлахула гӏаш догӏура.