Пенах леррина йинчу терхи тӏехь богуш тӏедиллина шиша доцу тиша чиркх. Поппаран маьнги тӏехь тишачу йургӏи кӏел чӏогӏа набарш кхетта ӏуьллуш кхо бер. Хӏорш чубахкале хьалагӏеттина хӏусамнана, хьешашка маршалла а хаьттина, кхача кечбан тохайелира. Амма шайн дукха ӏойла дац аьлла, Зеламхас сацийра иза.
Зеламха а, Элбарт а чохь а витина, араваьлла хӏусамда дукха хан йалале, Мохьмад-Гери а валош, йухавеара. Иза элдарчу дегӏахь, болатан басахь, ткъе пхийтта шо хенара стаг вара. Хьал-де хаьттинчул тӏаьхьа, кхин къамел йукъа ца доккхуш, ша деана гӏуллакх дийцира Зеламхас:
– Мохьмад-Гери, хьуна ма-хаъара, со лаца йа вен ӏалашо йолуш, суна тӏаьхьа талла араваьлла ши эзар салти, гӏалагӏазкхи, дегӏастанхо, гуьржи ву. Андронниковс йийсаре бигна сан доьзал. Сан хӏусамнана а, вешех йисина зуда а, цуьнан кӏант а, сан пхи бер а. Кхана лаьмнашка хьалагӏоьртур бу и Делан мостагӏий. Ши эзар хьакха. Шайн коьртехь Андронников, Донагулов боху ши нал а йолуш. И шиъ а, цаьршинна тӏаьхьара ши эзар хьакха а йен йеза ас. Соьца пхи накъост а, пхийтта шо хенара сан ваша а, шиъ пхоьазза йолу, цхьаъ цхьалго топ а йу. Кӏезиг герз ду иза оцу ши эзар хьакхина дуьхьал. И хьакхарчий лаххьийна йайа суна пхоьазза йолу пхи топ а, ши эзар патарма а беза. Хьоьгара гӏо эшна, дехаре веана со, Мохьмад-Гери.
Мохьмад-Гери, куьйга корта а лаьцна, лаьттан бӏаьра а вогӏавелла, цхьана минотехь вист ца хуьлуш ӏийра. Дехаре веанчу стеган дехар йухатухийла а йац, иза кхочушдан ницкъ а бац. Хӏара хьаша ма ву. Хийра хьаша. Нохчо. Зеламха.
– Сан цхьа топ а, ткъех патарма а бу, Зеламха. Со да волуш кхин герз дац. Сайн дерг дӏалур ду ас хьуна.
– Хьан пхи топ а, ши эзар патарма а боцийла, хаьа суна, Мохьмад-Гери. Амма шун отрядехь масех эзар топ а, патарманаш а ду.
– Отрядехь герз ду, Зеламха, делахь а иза со тӏекхочехь дац. Иза дийнахь а, буса а лерина лардеш ду. Сан бакъо йац цигара цхьа патарма схьаэца а. Цаьргара нуьцкъала соьга даккхалур а дац иза.
– Мохьмад-Гери, хӏокху хьан тайпан вашас Элбарта хьо майра, доьналле, тешаме къонах ву аьлла, сайга вийцича, веана со хьуна тӏе дехар дохьуш, хьоьгара гӏо оьшуш.